Тхо цкъа а цхьанненна
Къарделла совцур дац,
йа маршо, йа ӏожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу…
… Бӏаьстенга тхаьш довлахь,
Цу кхахьпа элашка
Хьотӏца цӏий тийсийта
Делах дуй биъна ду!
Къайсарна тӏаьхьара ойъуш волчу ӏаьлбаган болатан басахь горга йуьхь воккхачун санна буьрса йара, оцу къоначу аьрзунан ӏаьржа бӏаьргаш ткъесах лепара:
Мокхазан ламанаш
Даш хилла лаларах,
Мостагӏийн арданго
Тхо гора эгор дац!
Бос ӏаьржа ва латта
Молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина,
Тхо лаьтте доьрзур дац!..
– Хӏейт, гора вай, кӏентий, йаӏ!
Мацалло хьовзадахь,
Орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаьш бӏарздахь,
Бецан тхи мийра ду!
Цу лаьмнийн хьехнашкахь
Шах цӏераш летор йу,
Тхайн таррийн йуьхьгашца
Уьш марсайохур йу!..
– Аз айде, кӏентий!
Хӏоьънаша зарзйина
Тхайн чорда башлакхаш
Къоначу воӏарийн
Белшаш тӏе туьйсур йу!
… Мостагӏех летачохь
Ӏожалло тхаьш лецахь,
Тхайн метта дӏахӏиттар
Царна тӏедуьллур ду!..
– Маршо йа ӏожалла!
Буьйсанна борз йехкаш
Дуьнен чу девлла тхо,
Ӏуьйранна лом угӏуш
Тхан цӏераш техкина.
Аьрзунийн баннашкахь
Наноша дакхийна,
Тархаш тӏехь дой хьийзо
Дайша тхо ӏамийна…
Илли ца сецира уьш Мичка тӏе кхаьчча а. Кхузахь ца соцуш, шен дин цуьнан муттанечу хи чу а тесна, дехьаваьлла Коьра, аьтто агӏор бисинчу доттагӏашка тӏаьххьара бӏаьрг тоха йуха а хьаьвзина, цхьана минотана соцунгӏа хилира.
Халкъана, махкана
Наноша тхо дина,
Цаьршинна эшначохь
Майрра дӏахӏиттина.
Маршонехь кхиийна
Ламанан лечарчий
Халонех, бохамех
Курра чекхдийлина.
Мехкарша тхан чевнаш
Эшаршца йерзайо,
Ӏаьржачу бӏаьргаша
Хьуьнаршна гӏиттадо.
Буьйсанна борз йехкаш
Дуьнен чу девлла тхо,
Ӏуьйранна лом угӏуш
Тхан цӏераш техкина…
Илли ца сацош, доттагӏчун ӏодика йеш, хӏаваэ лаьцна, тапчанаш туьйхира цара.
Шен доьхкарх схьайаьккхина тапча, зӏок кӏегархӏоттийна хьала а лаьцна, доттагӏашка мохь туьйхира Коьрас:
– Маршо йа ӏожалла!
Йассайелла кӏур туьйсучу тапчин биргӏи чу хӏуп аьлла, иза йуханехьа доьхкарх а йоьллина, урх оьзна, говр тӏехьарчу когаш тӏехь хьовза а йина, тӏаьхьа ченан кӏур хӏоттош, ма-йоьдду малхбузехьа дӏахийцира цо.
Ткъа берийн хӏинца а чӏагӏдалазчу аьзнашца нохчийн бӏаьхаллин иллин аз декара Мичкан