Дӏайаханчу бӏаьста и къона хьун а хьаькхна, гоьргаш бух а йаьхна, латта охкуш йийра цара хьаьжкӏаш, ткъа кху шарахь аха воьлча, орамаша новкъарло йора нахарна.
Нисдеш дукъ чадакх хорша а диллина, дукъарцаш шайн метта дӏа а доьхкина, дечиган нох хьалаайъира цо. Нахаран пхатоьда, артделлехь а, мегар долуш дара.
Берашка ладогӏа дагахь, кхор болчухьа волавелира ӏела. Кхура тӏехь эсала бека къоркхокха, хӏара тӏевогӏу гича, цкъа дӏа а тийна, цецбаьлла дӏаса а хьаьжна, тӏаккха, тӏемаш тоьхна, бедда хьуьна тӏехула къайлабелира. Ши кӏант самавалаза, чӏогӏа набарш кхетта ӏуьллуш карийра дена. Гаьнгали чохь ӏуьллучу ӏумаран бесни тӏехула бедда лела моза дӏа а эккхийна, аганарчу ӏусмане хьаьжира. Ша ган цхьа а воцийла хиъча, ӏела, ховха балдаш хьедеш, набарх велакъежачу кӏантана тӏе охьа а таьӏна, хьажа тӏе байн барт белла, тӏаккха цунна йуххехь лаьтта чӏижалг схьа а эцна, стерчий хьалха а лаьхкина, ӏин чу вахара.
Стерчашна хи а малийна, ламаз а эцна, шийла хи дохьуш йухавеанчу цунна нитташ хьакхийна ӏаш карийра Айза. Цо кхача хьалха билларе хьожуш, верта а даржийна, цу тӏе дӏатевжира майра. Амма кхача хьалха буьллуш дукха хан ца йийзира. Тӏулган экъан тӏехь йакъош йеттинчу сискалан ах шина декъе а йекъна, доккхахдолу дакъа майрачунна хьалха теттира зудчо.
– Туьха жимма кхоийна ас. Суьйранна оьшур ду вайна иза.
– Чорагӏаьрга схьакхайкхахьа, – элира ӏелас, кхачанна тӏе а ца кхевдаш.
– Вай хӏун йао кхойкху цаьрга? Сарахь хьолтӏамаш йийр йу ас, тӏаккха балор вай.
– Гӏиллакхехь ма дац.
Чора а, Жовхӏар а садаӏа сацаза дара. Чора хьалхавоьдура, ирбинчу хьокхица лаьттах кӏаьгнаш дохуш, ткъа, кучан йуха чу хьаьжкӏаш лаьцна, ги бер доьллина тӏаьхьахӏоьттинчу Жовхӏара царна чутуьйсуш, тӏе ког хьокхуш, дӏакъуьйлура буьртигаш.
– Ва Чора! – кхайкхира ӏела.
Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалатаьӏира.
– Схьадуьйлийша, цхьаьний хӏума кхалла вай?
– Баркалла, ӏела, гӏоза йоийла! Шуьгахь доллу дабагӏа ду тхойшингахь а. Суьйранна цхьаъ дер вай.
И шиъ схьа ца догӏуш сецча, ӏела йуучунна тӏехилира.
1. Гота дӏайужу гӏирс
2. Нахаран латта хадон урс
3. Цӏузам долу кхийра кхаба