Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо.
– Ас даим олуш ду хьоьга, йуучунна тӏехь со толо ма гӏерта.
Айзас сискалан йуьхк майрачунна хьалха теттира:
– Стаг, хьо-м къахьоьгуш вай, вуззалц хӏума йууш ца хилча, дегӏехь ницкъ хир бац.
– Асчул тӏех къахьоьгу ахь. Соьца болх бина ахь, хӏинца, со садаӏа агӏорваьлча, берашна гонаха хьийза а деза. Цул сов, айхьа йуург бераца а йоькъу.
Кхача мел миска белахь а, цул чомехь хӏума ца хийтира ӏелина. Йекъа сискал, дуьра нитташ, шийла шовда. Иза тешна вара, тахана кхин бен-берса кхача буур болуш оцу регӏаца, оцу ирзошца стаг вацарх. Бакъду, керлачу йуьртден ӏосин, Шахьбин, Хортӏин шортта даьхний а, жижиг а, дама а ду, амма шаьш йолах лецначу ахархошна цара уьш бӏаьрга-м ца гойту. Йолахошна йал а ца ло цара. Дуьххьалдӏа ӏосас а, молла Шахьбис а, совдегаро Хортӏас а – цара, цхьа масех стага, шайна кхаш лелориг оцу нахана ирзош аха гота ло. Ткъа шаьш, наггахь цара хӏун до хьовса а богӏуш, цӏахь бийшина ӏохку.
Делкъе йиначул тӏаьхьа ӏела садаӏа дӏатевжира. Ламаз а дина охьахиъна Айза хьалагӏаттийра аганахь самаваьллачу кӏанта. Цунна тӏаьххье меттахъхьайра ӏумар а.
«Ма декъаза хӏуманаш йу-кх зударий, – ойла йора ӏелас, берашна там бан гӏертачу зудчуьнга а хьоьжуш. – Дийнахь а, буса а синтем бац церан».
Шен декъах йаьккхина сискал кара а йелла, ӏумар дӏа а тевина, аганан гӏожа тӏе тевжира Айза. Шурех буьзна, пхенаш сенделла кӏайн накха беран бага а боьллина, вукхунна йоьссина шура сацо гӏерташ, тӏе куьг а диллина, кӏанте хьоьжуш, дӏатийра иза.
Бӏаьстенан махо ӏаржйинчу йуьхьа тӏехь хӏиттина, тхи санна, хьацаран тӏадамаш. Чӏагарш хилла, хьийзина хьаьжа тӏехулара месаш. Кӏайн лаг хьоьстуш, тӏехьаьрчина ӏаьржа-стомма кӏажар. Къинхетаме, эсала, ӏаьржа баккхий бӏаьргаш. Шабарца кӏант хьоьстуш, меттахъхьера малхо этӏийна балдаш, горгачу йуьхьан беснеш тӏе хӏиттинера кегий кӏаьгнаш.
«Хаза зуда нисйелла суна, – ойла йора ӏелас. – Хаза, дика, онда, къинхетаме. Дуьненахь ас хьегна бала бицбайта, сох къинхетам бина, Дала нисйи-кх. Шиъ кӏант ву, цхьа сту а бу. Дех дисина ирзо а ду. Кхин суна оьшуш хӏумма а дац. Дела, Хьо дика ву-кх. Амма, Аьрзу… Цо хӏинца а зуда ца йалийна…»