гӏоли хета тхуна… Аш тхаьш цӏа дахийтахь, кхузара хьал а дийцина, схьакхелхачуьра совцорца оха ӏожаллех кӏелхьарбохур бу цигара схьабахка гӏертарш. Мел лахара а, кхоалгӏа дакъа хӏаллакьхилла тхо кхузахь хӏинцале а. Туркоша боху, тхо Диарбекирал дехьа кхалхадо шаьш. Бертахь ца гӏахь, нуьцкъала цига дӏадига ойла йолуш, шеца кхо эзар дошло а волуш Муше веана охьахиъна Эрзеруман вели Эми-паша. Амма тхо цига гӏур дац тхаьшна чохь са а долуш, хӏунда аьлча цигахь а, кхузахь а тхоьга хьоьжуш меца ӏожалла йу. Стенна оьшу тӏаккха и гена некъ бойтуш цомгашниш, къенаниш, бераш хьийзо? Кӏелхьардовла цхьаъ бен некъ ца буьсу тхуна – иза даймахка йухадерзар бу. Оха, кара куйнаш детташ, доьху хьоьга цӏа дерза тхайна бакъо йалар…»
Маккхал йукъахваьккхира арахь йевллачу гӏовгӏанаша.
– Аьрзугӏар муьлхачу чохь бу кхузахь? – хоьттура цхьана стага.
– И дӏогара тоьла церан йу-кх, – жоп лора зудчо.
– Лаьттах йаьккхинарггий?
– Хӏаъ.
– Баркалла хьуна.
Дукха хан йалале говран когийн тата сецира тоьлина хьалха.
– Хӏей, чохь дуй шу? – мохь туьйхира хеттарш динчун озо.
– Чохь ду тхо-м, – вистхилира Маккхал.
Меттара хьалаиккхина ӏела аравелира.
– Маккхал, шуьшиъ хоьттуш веана-кх хӏара стаг, – чухьаьжира ӏела.
– Схьачувалаве тӏаккха.
Охьа а таьӏна, нийсса ах неӏарх чоьхьаваьлла, салам делира лекхачу стага.
– Ассалам ӏалайкум, дика мел дерш догӏийла шун хӏусаме!
– Ва ӏалайкум салам, диканца вахийла хьо а! Марша а вогӏийла!
Хьешан куьг лаьцна, шаьш барч лоьручу соне охьахаийра цара иза.
– Тӏаккха, хьаша, шу могаш дуй, сингаттам боцуш ӏай? – хаьттира Маккхала.
– Могаш, дика ӏа. Дерриг вайн къомана берг бен, сингаттам бац. Шу а деца могаш?
– Дала дика кхобу.
Хьал-де хаьттина бевлча, цхьана ханна къамел сецира. Чиркхан гӏийлачу серлонгахь ма-къасттало вовшийн йуьхь-сибате хьаьвсира хьаша а, хӏусамдай а. Кӏаддалар бен, кхин гӏелдалар доцуш, лекхачу дегӏахь, тӏехь могаш бос ӏалашбелла ӏаьржачу сибатехь йехо йуьхь, йоца ӏаьржа маж, дуткъа ши мекх, схьакхевддина нийса мара, лекха хьаж, майра ши бӏаьрг. Тӏера духар хӏинца а тишдалаза. Йукъах – кхелина шаьлта, доьхкарх йоьллина ши тапча. Иштта вара веана хьаша. Арахьарчу куьцах хиира