Аьрзугӏарна и стаг кху туьпарчех а, йа кху махкахь вон хьегначех а воцийла. «Йа шен са а, тур а туркошна доьхкинчу кӏеззигчу нахах цхьаъ ву иза, йа дукха хан йоццуш даймахкара кхаьчна хила тамехь ву хӏара», – цхьана минотехь ойла йира Аьрзус, стагах чекхдолу шен хьажар хьешана тӏе а доьгӏна.
– Делхьа, хьаша, вайн гӏиллакхехь, вузийна паргӏатваьккхина, хеттаршка довла хьуна хӏотто кхача бац вайгахь тховса, – тийналла йохийра Аьрзус. – Дийцахьа, хьо мила ву, кху хӏусаме хьайн кхачар а. Тхоьгара хила гӏо дуй хьуна?
Хьешо йайн йовхарш туьйхира:
– Со Бенарчу Солтамурдан денвешин кӏант ву. Диванан сацамца шуна тӏаьхьавеана со кхелхина богӏучу нехан тӏаьххьарчу тобанца.
Аьрзун а, Маккхалан а само ирйелира.
– ӏела, неӏарал арахьа хаий, гонаха ладугӏуш хӏума дел. Айхьа лоьхурш тхо ду-дац, хаьий хьуна?
Хьаша велавелира:
– Хаьа, дера-кх. Суна дукха гина шуьша.
– Ахь хьо Солтамурдан шича ву боху, ткъа тхойшинна и хаац. Хьан дашах тешна, къамел дан ваьхьар вуй тхойша?
Хьешо шен пӏелгах схьайаьккхина чӏуг Маккхале кховдийра:
– Хьо бакълоь, Аьрзу. Аш тешамна йиллина хӏума хӏара йуй?
Мухӏар схьа а эцна, леррина цуьнга а хьаьжна, Аьрзуга делира Маккхала.
– Солтамурдан мухӏар ду. Шеко йоцуш.
– Тешамна хӏума-м йу, ткъа ишар? – хаьттира Аьрзус, иза карахь дӏаса а хьовзийна.
– Со нохчо ву.
– Хьо стенна араваьлла?
– Сайн къоман маршо йухайерзо.
– Ца йерзалахь?
– ӏожалла тӏеэца.
– Маршо йа ӏожалла! Хьо диканна воуьйтийла майрачу Солтамурда! Цӏе хӏун йу хьан?
– Деналха.
– Маца кхаьчна хьо кхуза?
– Муше тахана кхаьчна, Эрзеруме кхаьчна-м цхьа-ши кӏира а ду.
– Некъахьовзам боцуш веан хьо даймахкара схьа?
– Дала ӏалашви.
– Хӏун ду-те сихонца хьо схьахьажжол Солтамурдана тӏедеанарг?
– Шуьшиъ кхузахь хьевалар а, махках буьйлучу нахах бакъдерг цахаар а.
– Керла хӏун ду Нохчийчохь?
– Солтамурдера кехат ду соьгахь.
Шаьлтанна уллохула батта доьллина жима урс схьа а даьккхина, тӏаккха логера гӏовталан ветанаш дӏа а даьхна, кочахь кхозу чӏурам йукъа тегна кхо маьӏиг йолу жайна, урс тесна чимчаргӏа а хадийна, уьрсаца цхьаьна Маккхале дӏакховдийра Деналхана. Ларлуш урс туьйсуш, тегарш хедийна, чӏурамна йуккъера схьа а даьккхина,