Хӏинца а нехан лерехь декара Ярмол-инарлас йагийначу йарташкара зударийн, берийн маьхьарий, хӏинца а кӏур туьйсуш йара Соьлжан йистонца цара йаго йарташ, хьаннаш. Гати-Юьртахой теша кийча бара, хьаъа хӏуъу аьлча а. Цара догдохура Делан орцане, ткъа и орца, мичара дели ца хоуьйтуш, цо кхиийра царна.
Шена дуьхьалваьллачу мунепакъах, ӏосех, бекхам оьцуш, Ахьмат-Толлехь лаьтта цуьнан кӏен рагӏ йагийра Ташу-Хьаьжас. Тӏаккха кхин тӏе а оьгӏазваханчу ӏосас, Гихтӏа а вахана, цигарчу нахе орца элира. Амма орцанца йухавеана ӏоса шен мостагӏ, Гати-Юьртара дӏа а ваьлла, дуккха бартахошца Сесана-Коьртехь чӏагӏвеллачу кхечира.
Цаьршинна йуккъера мостагӏалла, де дийне мел дели чӏагӏлуш, марсадуьйлура. Де дийне мел дели, ӏосин тоба лахлора, Ташу-Хьаьжиниг стамлора. Цхьа-ши шо хьовзале Ташу-Хьаьжа, шена тӏаьхьа масех бӏе мурд волуш, Нохчмахка ондда ког тесна дӏахӏоьттира, ткъа ӏоса цхьалха висира. Бакъду, цаьршинна йуккъехь тӏом бацара.
Гӏеза-Махьма вийра. Амма Ташу-Хьаьжас ца сацийра Нохчийчохь халкъан маршонехьа, бусалба динехьа къийсам. Хӏинца цо аьрру куьйга Къуръан, аьтту куьйга тур лецира. Шен бартахошца цо луьра дуьхьало йора Нохчмахка гӏертачу паччахьан эскаршна.
Тӏом болчу хенахь динарг хӏуъу а мегаш ду. Ташу-Хьаьжина дагавеара шен шира мостагӏ ӏоса. Кхидӏа а Гати-Юьртахь висар шена кхерамехь дуйла хиъна, ӏоса доьзалца ведда Таьшкичу-гӏопе вахара.
Цигахь лаьттачу эскаран эпсаршца гергарло тасаделира ӏосин. Цунна ницкъ оьшура ша винчу йуьртах ваьккхинчу мостагӏчух бекхам эца. Цо сатийсина де тӏекхочуш лаьттара. Ӏосин хьекъалечу коьртана гуш дара оьрсий тоьлург хилар. Дагестанера наггахь йурт бен йацара Шемална тешаме. Малхбале Нохчийчуьра цхьакӏеззиг йарташ бен йацара, Ташу-Хьаьжина тӏаьхьа а хӏиттина, Шемална гӏо дийраш. Оцу тӏаьххьарчу шерашкахь Ташу-Хьаьжина дуьхьалбуьйлура ӏоса тайпа халкъан бала боцу нах.
Цхьана дийнахь ӏосина хезира, Гати-Юьрта уллохь, Ахьмат-Толле олучу меттехь долчу шен кха тӏехь Ташу-Хьаьжа гӏап йугӏуш ву аьлла. Иза цо хӏуьттаренна до, бохура ӏосин даго. Хӏетахь паччахьан эскарехь урядник волчу цо, Внезапни-гӏопе а вахана, инарлега Граббега дийхира лам чу йечу походехь шега дакъалацийтар.