Ӏоса дика вевзара инарлина. Цунна хаьара, иза шен халкъах хаьдда ваьлла стаг вуйла. Ткъа иштта нах паччахьан инарлаша, лоьхуш, лехьабора.
1839-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь паччахьан эскарш хьала а далийна, Ахьмат-Толлехь чӏагӏвелла Ташу-Хьаьжа а вохийна, цуьнца Гати-Юрт сийначу цӏарах йагийра ӏосас. Оцу тӏехь бекхам сацийтинехь а мегаш дара. Амма цкъа цӏийн чам хиъна экха цӏий муьйлуш бен магац. Ӏоса дог тийна Таьшкичу вирзира, цул тӏаьхьа кхо бутт баьлча, августан 29-чу дийнахь, инарло Граббес Ахульго схьа а йаьккхина, шена тӏаьхьа цхьа а мурд воцуш, Шемал ведда Бена вахча, цунах дӏакхийтира ӏосин уггар луьра мостагӏ Ташу-Хьаьжа.
Дуьненна а моьттура, Кавказан тӏом чекхбаьлла. Паччахьна дуьхьалйевлла Нохчийчоьнан, ламанан Дагестанан йарташ когаш кӏел йара, ведда вахана имам нохчийн хьаннашкахь лечкъаш лелара. Дагестанхой, паччахьна муьтӏахь хуьлуш дуй а биъна, кӏелсевцира, ткъа Нохчмахка, чевно дожийна экха санна, цкъачунна дӏатийра.
Амма 1840-чу шарахь йерриг а Нохчийчоь паччахьан ӏедална дуьхьал гӏеттира. Йуха а экспедицеш йолийра Нохчмахка, йуха а оьрсийн отрядашна хьалхавуьйлура Муцӏин ӏоса.
Ӏосин дуккха а гергара нах бара. Гати-Юьртахь шиъ ваша а, цхьаберш зударий балийна, бераш долуш пхи кӏант а вара шеца Таьшкичохь.
Ӏосас йечу йамартлонаша йуьхьӏаьржа хӏитто цуьнан вежарий шайн ницкъ ма-кхоччу иза вен гӏертара. Амма церан аьтто ца болура паччахьан гӏопехь ӏен ваша вен. Тӏамехь а аьтто ца болура цунна тӏекхача. Тӏаккха шина денвашас шайн вешин берашка дӏахьедира, шайн да вей йа иза дӏатасий, шайна тӏедуьйла, йа, шайх а, диначу йуьртах а, халкъах а хадий, нехан неӏалт тӏехь гуттаренна цигахь совца аьлла. Дений, кӏенташний йуккъе мостагӏалла хӏоьттира. Бераша бохучунна тӏе ца воьрзура да. И вен ца лаьара кӏенташна. Эххар а, иза дӏа а тесна, Гати-Юьрта а баьхкина, охьахевшира уьш.
Цкъа ша паччахьан эскаршца рогӏехь тӏелатар дича, йуха а Гати-Юрт йагийра ӏосас. Эскарш йухадевлча, цӏа бирзинчу нахана чим хилла йаьгначу йуьрта йуккъехь цӏеран суй хьакхабалаза лаьтташ ӏосин шина вешин а, веа кӏентан а цӏенош карийра.