Бӏаьсте́ кхе́чи, хаза бӏаьсте́,
Шеца гӏиттош зе́загаш,
Лаьмнаш, аьрцнаш бецех кхалий,
Самадо́хуш шовданаш.
Олхазарша, зевне гӏовттий,
Аьзнех ӏа́лам декадо,
Ховхаллица дегнаш хьостий,
Адамийн йаххьаш йекхало.
Йаракх-су до́гӏу, сирла тулгӏеш
Ше́н то́гӏийчохь керчайеш.
Ло́махь аьгна горга тӏулгаш
Кондаршца те́кхадеш.
Йуьртахь бошмийн заза ӏена,
Урам буьзна бе́раш ду,
Самукъане аьзнаш дека,
Бӏаьсте́ шеран туьйра ду