Со веъна кхе́чи
Со винчу Даймахке,
Аренаш, ла́манаш
Исбаьхьа хаза ду,
Вай йарташ, гӏа́ланаш
Хазйелла кхуьуш йу,
Иманехь, исла́мехь
Адамаш де́хаш ду.
Мехкарий, кӏентий
Гӏиллакхе-оьзда бу.
Со му́ха ваьхна
Хийрачу ва махкахь,
Гӏиллакх-оьздангалла
Ше́н сица до́цучохь,
Не́наца – де́ца
Ле́раме бо́цучохь?