Цаьрца тардала деза вай а. Цул сов, хӏоранна а хаа деза вочу стагехьа цхьаннен а безам ца хуьлийла. Волчу дена-нанна а ца веза вон доьзалхо. Вай дика хилахь, вайца дика хир ду кхузара адамаш, вай вон хилахь, вайца вон а хир бу уьш. Цундела вай доха ца деза нохчийн гӏиллакхех, къонахаллех, оьздангаллех, собарх, доьналлех.
Воккхачу стеган къамелах цхьа дош а шайна ца хезаш тӏехтиларна кхоьруш санна, леррина ладоьгӏура чохь болчу наха. Хезара йукъ-йукъа бер делха доьлча, и дӏатедан гӏерташ, нанас шабаршца и хьоьстуш йа човхош.
–Тӏехула тӏе, вайх хӏоранна а хаа деза, вайн пачхьалкхехь массанхьа санна, кхузахь а ӏедал хилар, цо бохург ваьш дан дезар а. Тахана вай схьадалош новкъахь сан къамел хилира кхузарчу колхозан председательца а, йуьртдеца а. Вайх хӏор а доьзална кечйина хӏусамаш йу. Гӏаддайначунна гӏо дийр ду, боху. Берашна деша йуьртахь ишкол йу, цомгашчуьнга хьажа лор ву. Кӏелвисина цомгаш верг охьавижо гена йоццуш, районехь, больница йу. Тховса вайга са а даӏийтина, кхана вай вешан хӏусамашка дӏасадахале, йуьртан куьйгалхоша оцу дерригенах а лаьцна къамел дийр ду вайга. Уьш схьабахкале, шу кечдан лууш дуьйцу ас хӏара. ӏедало а, наха а шайн ницкъ кхочу гӏо дийр ду вайна, амма ӏедал а, адам а дика ду, тхо-м цара кхобур дара бохуш, паргӏатдевлла ӏен йиш йац вайн. Хӏусамашка дӏатарделлачул тӏаьхьа, колхозан балха довла дезар ду. Варийлаш, вай вешан махка сихха цӏадоьрзур ду бохучу эладитанех а теший, дийший ма ӏелаш. Дала а боху, бахьанаш леладе. Къинхьегам, ӏедална муьтӏахь хилар, адамашца ийна, адамашна тешаме хилар – иза ву шуна вайн гӏоьнча. Цул сов, хӏинца а чекхбалаза тӏом бу. Цигахь хӏаллакьхуьлуш ду дукха адам. Тӏамо адам гӏелдина, къийдина. Вайн цигахь санна, массанхьа а мехкан берриге ницкъ тӏамехь леташ долчу эскаршна гӏоьнна хьажийна. Кхузара могаш-таза берриге а божарий тӏаме а бахана, бахаман гӏуллакхаш зударийн, берийн, къеначийн кочахь дисина. Уьш ца ларабо, царна хала ду. Схьадийцарехь, мацалла тӏегӏоьртина ӏаш бу хӏорш. Хӏинца шуна хаа деза башха вайна гӏо дан аьтто болуш кхузара ӏедал а, адамаш а цахилар. Оцу зударшна, берашна, тӏамехь леташ болчу бӏаьхошна вайгара къинхьегаман гӏо оьшу.