Оцу дерригенах а кхеташ хила деза вай. Йуха а сан дехар ду шуьга нохчийн оьздангаллех, къонахаллех, гӏиллакхах цадохар. Варийлаш, шайн хӏусамашка дӏатарделлачул тӏаьхьа, колхозан балха довлалаш. Ткъа хӏинца, гӏеллой ца ӏаш, делалой, декхалой хила! Иллеш ала, эшарш лакха! Кегийраша, мехкарша хелхаран бал баккха! Бохам, хало тӏехӏоьттича, вайн дай а ца цӏийзина. Иза вайгахь товр дац. Дала аьтто бойла вайн!
Цхьана эсарчу мохо дӏайаьхьча санна, дӏайелира нехан дегнаш тӏера гӏайгӏа. Цхьа кӏеззиг йукъана осалдевлла церан дегнаш йуха а чӏагӏделира. Тӏоьрмиг схьа а биллина, цу чуьра Занун кехат-пондар а, вота а схьа а эцна, цхьа йоӏ а гӏаттийна, сцени тӏевелира Маил. Цхьа сахьт хьалха нохчийн назманан гӏийла аз декначу клубехь, хӏинца стеган дог-ойла гӏаттош, къенаниг а къонвеш йолу нохчийн чехкачу хелхаран эшаран аз кхерстира. Тоьхначу вотано а, тӏараша а йегайора клуб. Кхоссавелла сцени тӏе хьалаваьлла цхьа жима стаг, байн ког шаршош, го а баьхьна, каде бухь
а боьгӏна, шеца хелхайалар доьхуш, Зануна тӏевирзира. Хьерайаьккхина вота йетташ хиъна ӏачу Маиле хьаьжира Зану.Маила, эсала вела а къежна, резахилла корта таӏийра. Амма ша шолгӏа го эцна йогӏуш, цунна гира майрачун кхоьлина йуьхь. Стенан ойла йо-те цо? Зануна дагайеара Маил тӏаме вахале шаьш цхьаьна йаьккхина ирсе хан. Цуьнан бӏаьргашна хьалха хьийзара школа, уьш бинчу йуьртара клуб, шайн хелхарийн, эшарийн кружок, даим а ша а, Маил а цхьаьна хелхадийлар, республикехь хилла хьовсарш, газета тӏе даьккхина шаьшшиннан сурт. Ткъа тховса? Цабевза мохк, йоьхна йеана буьйса, хӏетте а, уьш хелхабуьйлу… Самукъа даьлла-м ца лела уьш, делахь а, иштта хила деза. Занун лерехь хӏинца а декара воккхачу стеган дешнаш: «Цӏийзар вайгахь товр дац! Нохчийн къонахаллех, оьздангаллех, доьналлех ца духур вай!» Йуха го бохьуш йогӏуш дӏахьаьжначу Занун а, Маилан а хьажар тӏеттӏанисделира. Маилна гира чу хиш диссина кхохкийна шен къоначу зудчун ши бӏаьрг. Иза кхийтира шен гӏалатах. Охьа а таьӏна, цӏенкъа ши бӏаьрг боьгӏна, гал когаш шершош Зану шена дуьхьал йолайелча, вота чехка а йаьккхина, мохь туьйхира цо: