ванах, хӏара суна хилла бохам хилла стаг вуй-те олий. Ишттаниг карийча, иза а хилла собаре, со а хила веза олий, маслаӏат хуьлу, сатуху, собаре хуьлу. Хьан кийрахь сингаттам бу, ӏела, амма и хьайниг гӏан хетар ду хьуна, соьга ладоьгӏча.
«Суна хиллачул тӏех баккхий бохамаш, ас лайначул тӏех баккхий баланаш лан, хӏокхунна тӏедеанарг хӏун ду-те?» – аьлла, цецвелира ӏела.
– Кхузара дӏадахча, шина Терка йуккъерчу гӏалагӏазкхийн цхьана йуьртана уллохь жима кӏотар а йиллина, охьахевшира тхо. Ткъа цигахь дитарна а, тхаьш лелочу лаьттах а хӏора шарахь йуьртана мах лора оха. Иштта, оха санна, нохчаша йехкина кӏотарш дикка йара Теркан шиний агӏонца. Хӏокху агӏор йа гӏалахь нохчашкара шайна цатовриг даьлча, цигахь тхо хьийзадора гӏалагӏазкхаша. Цхьанхьа нохчаша шайна къола, талораш дича, гӏалагӏазкхи вийча, и дерриг а тхох окхура. Оцу зуламхошца тхо бертахь ду, и къуй а, и талорхой а цига оха кхуьйлу, олура. Дуккха а меттигаш нислора нохчаша царна дина къола, зен цигахь бехаш а, ханна йолах болх беш а болчу бехк-гуьнахь доцчу нохчашка токхуьйтуш. И къоланаш, талораш дийриш беккъа нохчий а ца хуьлура. Гӏалагӏазкхашна йукъахь а кӏезиг бацара къуй. Цара а кхуьйлура нохчийн къуй цига. Шинхьарчу а зуламхоша бертахь, цхьаьний бора и болх. Цул совнаха, кхечу къаьмнех нах а бара цигахь къоланаш а, талораш а деш. Амма дерриг а нохчийн коча доуьйтура. Хӏуьттаренна а, дукхахдолу къоланаш дийриш нохчий хиларна а. Оцу къуша, талорхоша вон цӏе йоккхуьйту нохчийн, уьш бахьана долуш баккхий бохамаш хуьлу вайн къомана. Органал дехьара цхьа стаг вахара селхана кхузахула дӏа. Дукха хан йоццуш гӏалгӏайн а, гӏалагӏазкхийн а йарташна йукъахь доккха дов хилла, гӏалгӏайх маситта стаг а вийна, маситтанна чевнаш а хилла, Яндаркъа а йохийна бохуш, дийцира цо. Тхо Теркйисте дахана дукха хан йалале, иштта нохчашна а, гӏалгӏазкхашна а йукъахь хиллачу девнехь вийра сол жимахволу ваша а.
Яндаркъехь хилла дов Овхьада дийцинера ӏелина. Троицки станицана уллохь вийна карийначу цхьана гӏалгӏачунна тӏехула йандаркъошний, гӏалагӏазкхашний йукъахь кхийсарш йуьйлаелча, шиний агӏорхьарчарна орцахбевлла гӏоьнна баьхкинера