гондӏарчу йарташкара гӏалгӏай а, станицашкара гӏалагӏазкхий а. Тӏом болабелча, шайна ницкъ хила боллийла хиъначу гӏалгӏаша дов къасто а, шайна йукъахь машар бан а эскарш дехнера. Царна хаьара, бехкенаш гӏалгӏазкхий белахь а, цаьргахьа а даьлла, ӏедало шаьш бехке дийр дуйла. Шеца пулеметийн рота а йолуш, гӏашлойн батальон а, гӏалагӏазкхийн, кхо бӏе дошло а волуш, схьакхаьчначу отрядо, довхошна йукъахь машар баран меттана, Яндаркъа йохийра. Дуьйцура, ткъех гӏалгӏа вийна, дукханна а чевнаш хилла, дуккха а даьхни дайъина, цӏенош а дагийна, дуккха а доьзалш эрна арахь а бисина бохуш.
Ткъа дукха хан йоццуш Соьлжа-Гӏаларчу базарахь гӏалагӏазкхаша а, салташа а нохчашна тӏехь хӏоттийнчу акхараллин дийна теш вара цигахь йиттина сакхат а вина цӏа валийна Янаркъа.
– Иттех шо хьалха, кӏотарш а йохош, цкъа цигара нохчий дӏабехира ӏедало. Нехан цӏенош вовшах а дохуш, мегаш болу гӏирсаш гӏалагӏазкхашна боррах дӏабухкура, ткъа пайде боцург, цӏе а тосий, багабора. Гонаха салтийн ха а хӏоттина, хьаладалийра тхо. Хӏетахь сан аьтто хилира тхайн цӏенош дийна дита. Тхан хьешаша, гӏалагӏазкхаша, тхан цӏенош шаьш мах белла эцна, элира ӏедале. Цхьа хан йаьлча, и гӏуллакх дӏатийча, цига йухаверза ойла йара сан. Кхин ваха меттиг бацара. Хала-м дера дара цигахь. Нохчаша шалха налогаш токхура. Шаьш гуттаренна а дӏайазбинчу йарташкахь а, цигахь шаьш цхьана ханна бехаш болчохь а. Хӏетте а, хьалавеана, кхузахь цхьа шо а даьккхина, тхешан доьзалшца йуха а цига дӏавахара со. Шина гӏалагӏазкхичо, цхьа хьостам а гал ца болуьйтуш, лардинера тхан цӏенош. Ши-кхо шо а делира ӏедало тхуна новкъарло ца йеш. Цхьа хаза бахам а тарбеллера тхан. Даьхни а ӏаьӏира. Биъ сту а, кхаа шаре йолуш шиъ старгӏа а, биъ йетт а, цхьа говр а йара тхан. Деле тхаьш лардар а доьхуш, ма-хуьллу ӏедалх а къехкаш, дийнахь-буса а бохург санна, къахьоьгура оха. Амма диъ шо хьалха цигара кӏотарш йуха а йохо йолийра. Сан хьеший мел дика хьийзарх, хӏинца цаьрга а ца ларделира тхо. Догӏанаш, ткъевнаш йолу хан йара иза. Оцу доьхначу некъашкахула хьалакхалха ницкъ бацара тхан. Кхораш санна, кегий бераш дара шина а кӏентан. Тӏе, Теркана ша баллалц цигахь дитахьара