бохуш, оха а, тхан хьешаша-гӏалагӏазкхаша а дехарш деш, ӏаьнна кӏел дахара тхо. Дуьххьара ло ма-диллинехь, шеца герзашца гӏалагӏазкхий а балош веанчу йуьртдас, цигахь атаман олу цунах, кхо де далале кӏотар дӏа ца тасахь, шаьш цӏенош дагор ду, элира тхоьга. Цара къинхетамза иза дийр дуйла, хаьара суна. Иза дина меттигаш дукха йара. Кӏелхьардовла цхьа а некъ бацара. Тхешан сал-пал стерчийн шина салаза тӏе а йоьттина, тӏехула тӏе бераш а ховшийна, болх Далла тӏе а биллина, новкъа девлира тхо.
Мусхас дуьйцучуьнга ла а доьгӏуш, цуьнан тоьлане бӏаьрг беттара ӏелас. Схьайиллина разйаьлла кхозучу неӏарехула дӏахьаьжча, поппаран маьнга а, цунна тӏехь йаржийна тиша кетар а, сонехь хӏоттийна берданга а гора. Арахь, кхо тӏулг а хӏоттийна, бинчу кхерча уллохь бертал тоьхна ӏуьллура тӏехула кӏуьрзан кховр лацаделла чуьйнан горга йай а, тӏехь сискал йатта тойина тӏулган йуткъа экъа а.
– Жимахволчу кӏентан кӏант сайна тӏехьа говра а хаийна, даьхни лаьхкина хьалха вогӏу со, суьйранна Теркана гергагӏоьртича, шина кӏанте дохне хьажа а аьлла, гечо лаха хьалха дӏавахара. Теркан йистонца дӏасаваьлча, ша тӏехула дехьайаьллачу берзан лар карийра суна. Тӏехьа хаийна жима кӏант а волуш, говрахь ша тӏехула цкъа Теркал дехьа а, йуха сехьа а ваьлла, шан чӏогӏалла зийра ас. Буто бацахь а, тоъал чӏогӏа бара иза. Ша мела хилча, борз йер ма йацара цунна тӏе. Со цигахь лаьтташ, салазаш а тӏекхиира. Салазаш тӏейахале, йуха а цкъа ша зерхьама, даьхни хьалха а лаьхкина, дехьавелира со. Ша ца кагбелира. Сехьадовла аьлла, со волчуьра дӏа шина кӏанте куьг а ластийна, нацкъар дӏахьаьддачу старгӏина тӏаьхьа говр хаьхкина воьдуш, тӏе цкъа цхьа хӏума эккхаш санна тата а, тӏаккха цхьа ӏадийна маьхьарий а хезира суна. «Дада, ша кагбелла!» – мохь белира суна тӏехьарчу кӏентан. Йухахьаьжначу суна гинарг ма гойла сан мостагӏчунна а… Йоккха йукъ дӏалаьцна кагбелла ша, тӏедаьлла буркъаш туьйсу хи. Чуханашца тӏе йалта чохь долу галеш къевлинчу салазаша хи буха ийзош деттало стерчий. Шайн нана а, бераш а кӏелхьардаха гӏерташ, бӏарзвелла хьийза ши кӏант. Сайн кадаьлларг кӏелхьарваккха, вагийча санна, дӏахьаьдира со. Мичара! Со