цӏен бос бетталуш беснеш, лахахь гӏеххьа шалго, некха тӏегӏоьртташ, ло санна кӏайн, йуькъа, шуьйра маж а, хьекъале, къинхетаме сийна бӏаьргаш а. Стагана ладогӏа лууш кӏеда, паргӏате аз а дара цуьнан. Эс дика дара Соип-Моллин. Иза волчу дукха нах богӏура, хӏетте а цкъа веанарг шен бӏаьрг ма-кхийтти йа озах вевзара цунна. Хьалха ша кхуза веача, Овхьада дийцинера цунна шен дахарх лаьцна. Соип-Моллина иза дерриг а дагахь лаьттинера. Хӏара шиъ вовшашка хьал-де хоьттуш ӏаш, чохь довхха чӏепалгаш а долуш, шун хӏоттийра несо.
Кхача биъна ваьлча, шурий, даьттий тоьхна тодина гӏалмакхойн чай молуш, Овхьада дийцира ша Соьлжа-Гӏала вахаран бахьана а, накъосташца цхьаьна шаьш бина болх а.
– Делора, хаац суна-м, Овхьад, шо-шаре мел дели, кхетаме даран меттана, кхетамах долуш, тиларчу доьдуш ду-кх вайн къам, – элира Соип-Моллас гӏайгӏане. – Тӏом хӏун йу, хаьа вайна. Тӏамо диканиг, пайдениг ца до адамашна. Иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттинчу тӏамо оьздангаллех, къинхетамах, собарх, доьналлех, ийманах дохийна, эсах даьккхина вайн къам. Йамартлонна, сутараллина, къизаллина ӏамийна. Шемалан заманан тӏаьххьара шераш а, тӏом а, хилларш а дика дагадогӏу суна. Хӏетахь пхийтта-йалхитта шо хан йолуш, жима стаг вара со. Оцу заманахь хьеран шина тӏулга йуккъехь, шина цӏарна, шина хина йуккъехь лаьттира нохчий. Цхьана агӏор – къиза Шемал, вукху агӏор – оьрсийн къиза паччахь. Оьрсийн эскарша мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисинера оцу ткъа шарахь. Ткъа шена дуьхьало йина йа реза йоцу, йа тӏом ца безаш, тӏом кӏордийна, оьрсашца машар бан гӏоьртина йарташ Шемала йагайора. Цхьана агӏор суьйлийн Шемална, вукху агӏор оьрсийн паччахьна гӏуллакх деш бара цхьаболу нохчий. Ахчанах, даржех, кхоьруш, ӏехалуш, къелла а, мацалла а гӏаддайна, вовшийн бухкуш, вовшийн хӏаллакбеш. Ткъа дукхахберш сутаралло бохура оцу эхьечу, зуламечу новкъа. Хӏетахь хиллачунна-м тӏом бехке бийр бара вай. И тӏом дӏабаьллачул тӏаьхьа шовзткъа шо даьлча а, ма ца даьхкина вай иймане, кхетаме. Ша кхоьллина синош ма дайа, боху Дала, Ша кхоьллина уьш, Ша дӏа а оьцур ду. Ткъа цхьаболчу нохчашна дош а ца хета адам дер. Арахьара чувеанчу