мостагӏчух шен дин, даймохк, доьзалш, хӏусамаш ларъеш тӏом бар сийлахь декхар, гӏазот ду стеган. Ишта веана мостагӏ хьо тӏекхаьчначохь, хьайн аьтто баьллачохь къинхетамза ве, боху Дала. Амма машаре адамаш ма дайа, боху, уьш муьлххачу къомах а, муьлххачу динехь а делахь а. Ткъе итт шо хьалха туркошна а, оьрсашна а йукъахь хилла тӏом дагабогӏу вайна. И тӏом болийнарш керста оьрсий бара. Туркойн мохк дӏалаца, уьш лолле берзо ӏалашо йолуш болийна. И харцонан тӏом болийнчу керста оьрсийн паччахьан эскаршца цхьаьна бусалба туркошна дуьхьал шайн лаамехь тӏаме бахара цхьаболу нохчий. Цкъа-делахь, оцу оьрсаша иттаннаш шерашкахь сийначу цӏарца йагийнера Нохчийчоь, ах къам хӏаллакдинера, дийна дисинарг лолле дерзийна, цунна тӏехь къиза ӏазап латтош бу. Ткъа оцу керста оьрсийн паччахьо нуьцкъах махкахбаьхна эзарнаш нохчий тӏе а лаьцна, туркоша шайн махкахь дӏатарбинера. Хӏетте а шайн къоман мостагӏашна улло а хӏиттина, шайн бусалба вежарех, туркойх, лата, уьш байа, церан йарташ, шахьарш йохо, йаго, тало баханера нохчий. Шайн къам санна, туркойн къам а оьрсийн лолле дерзо! Мича бахьанаша бигнера уьш цига? Мацалло, къелло бигнера?
– Ца бигнера, – корта ластийра Овхьада. – Сутаралло бигнера. Тхан эвлара виъ ваханера оцу тӏаме. Цхьаъ къен-миска стаг вара, важа кхоъ – таро йолчарех. Цу кхааннах цхьаъ сан ваша вара. Тхан ден дика цӏенош а, шортта латта а, туька а, даьхни а дара. Ша йуьртда а вара иза. Паччахьан ӏедална хьалха диканаш хила, ӏедалерчу дикане, цигахь хӏонц карайаре, цӏа бирзича, мелла а шаьш даржашка нисбаларе дог дохуш баханера. Сан ваша вийра цигахь. Важа шиъ, некха тӏе мидалш а оьхкина, говраша ма-лов цигахь талораш дина хӏонц йохьуш, цӏа веара. Хӏинца цхьаъ тхан йуьртда, важа йуьртан къеда ву.
Хӏокху шинна хьалхара шун дӏаэца нус чуеача, цхьана йукъана къамел сацийра цара.
– Иштта, ши шо хьалха японца тӏаме а бахара нохчий. Японаш-м бусалбанаш а бац. Муьлххачу динехь делахь а, адам де, ма ца боху Дала. Тӏе, йолах! Ткъа хӏинца оьрсийн хьолахой ларбан Россе баха резахилларш а бу. Уьш-м берриг а къехой бу, боху. Шайн мецачу доьзалшна рицкъа лаха боьлхуш. Амма Къуръан чохь Дала ма боху, керста