Шемал, ведда, Нохчийчуьра дӏаваххалц. Цхьанхьара кхечухьа вуьйлуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, экха санна, кхерсташ. Шен аьтто баьллачохь имаман чаьлтачех ка а тухуш.
Гушмацӏа дера, къармазе, цӏий сиха стаг вара. Пхийтта шо хьалха налог йаккха керта баьхкинчу йуьртдех а, шина стражниках а леттера иза, царна гӏеххьачул чевнаш а йеш. Шолгӏачу дийнахь алссам стражникаш балош веанчу пурстопа, Ведана а вигна, набахти чувоьллира иза. Да схьа ца хецча, Зеламхас цунна дуьхьал лачкъийна цхьана хьаькаман кӏант валийра. Цунна дуьхьал хийцина, маршаваьккхира Гушмацӏа.
Цул тӏаьхьа шийтта шо маьрша хилира церан доьзалан. Амма и машаре шераш къахьдеш, керла бохам тӏебеара царна. Солтамурдан йезар йара церан йуьртарчу Хушуллин йоӏ Зезаг. Цаьршинна чӏогӏа дезара вовшийн, цхьаьнакхета Солтамурдан аьтто боцуш, хан дӏатоьттуш, ладоьгӏуш ӏара и шиъ. Цкъа цхьана суьйранна Солтамурд хин коьрте вахча, Зезага дийцира цунна, ша Махкатӏерчу йуьртден кӏантана хьехош йу, ша йеха цара нах бахкийтича, шен да-нана оцу захалонна реза хир долуш ду, ден а, ненан а лаамна дуьхьалйала шен бакъо йац, нуьцкъах йадийна кеп а хӏоттош, ша йига аьлла. Иштта йоӏ йигар хуьлуш дара нохчашлахь. Нах йукъа а бовлий, барт, машар бой, захало дой, дӏадерзадора. И шайниг а иштта дӏадерзаре дог даьхна, шолгӏачу суьйранна хи дохьуш цӏа йогӏу Зезаг, урамехь схьа а лаьцна, дӏайигира Солтамурда.
Шайн йоӏ аш нуьцкъах йадийна йигна, иза схьа ца лахь, шаьш захало-м муххале дийр дацара, вайна йуккъехь, цкъа а машар хир боцуш, мостагӏалла хир ду аьлла, схьахьедира Хушуллагӏара. Йуьртара тхьамданаш машарна а, захалонна а йукъабевлира. Амма оцу машарна а, захалонна а йукъагӏоьртинчу Хорачан йуьртдас иза а, важа а дохийра. Ша хьаькам ву, хӏокху йуьртахь ша ӏедал ду, ша аьлларг хила деза, машар а, захало а ма хьехаде, Хушуллагӏеран йоӏ дӏа ца лахь, ша Гушмацӏагӏар берриг а набахти чу бухкур бу, бохура цо.
Йуьхьанцара оьгӏазбахар дӏадаларе а, йа тӏаккха тӏаьхьа захало хиларе а дог даьхна, Зезаг Хушуллагӏаьрга дӏайелира Гушмацӏагӏара. Йадийна йигна йоӏ, йолчара схьайехча, дӏа а луш, тӏаьхьа захало а деш, йа ца деш, амма машар беш дӏадерзош ӏадат ма дара. Кхузахь эхье хӏумма а дацара шиний агӏорхьарчарна. Гушмацӏагӏарна новкъадерг кхин дара – шаьш йалийна нус ӏедало схьайаккхар.