Цул тӏаьхьа а и дов, захало дина йа ца дина, дӏадерза тарлуш дара, хӏинца оцу йукъа махкатӏхойн йуьртда ца гӏоьртинехьара. Махкатӏхойн йуьртда а, Гушмацӏин стунцахой, Хорачара Элсангӏар а, гергара бара. Гушмацӏагӏеран а, Хушуллагӏеран а захало хиларна йа Гушмацӏагӏара йуха а Зезаг нуьцкъах дӏайигарна кхеравеллачу махкатӏхойн йуьртдас йоӏ Хорачара дӏайаккхийтира. Элсанан кӏанта, Гушмацӏин стунвашас Шоӏипа, Эшалхоте йигира иза. Хӏинца, Зезаг махкатӏхойн йуьртден кӏентан цӏар тӏе йаларна йуккъе йаьлча санна, дара хӏоьттина хьал. Иза а, гӏаддайча, тардолуьйтура Гушмацӏагӏара. Царна ӏаьткъинарг Элсан-гӏеран йамартло йара. Гушмацӏин стунвашас, Бийсолтин ненан вашас, и йоӏ Хорачара дӏайигар. Цигара дӏа Зезаг махкатӏхойн йуьртден кӏантана дӏайигале иза схьайаккха вахара Зеламха а, Хьамзин ши кӏант ӏеламха а, ӏизраил а, Солтамурдан доттагӏ Ушурма а. Зезаг схьайаьккхина ца ӏаш, Шоӏипана тӏера шарбал а йаккха. Цигахь девнехь Шоӏипа Ушурма вийра. Гушмацӏагӏарна гӏоьнна веана нехан стаг вийнера уьш бахьана долуш. Тӏаккха, цунна дуьхьал чӏир йоькхуш, Гушмацӏагӏара Элсан вийра.
Оцу тӏехь машар а хилла, мостагӏалла чекхдала тарлуш дара. Шинне агӏорхьарчара вовшийн цхьацца стаг вийнера, чӏир нисйеллера. Амма, иза дерза ца дуьтуш, шайтӏа хилла оцу йукъахьаьвзира хорачойн йуьртда. Цо Веданара пурстоп Чернов валийра Хорача. Черновс дӏакхайкхира Гушмацӏагӏар. Зеламха воцург, берриг а реза бара ӏедална тӏебаха. Зеламха реза вацара. Цунна хаьара, шаьш цига дахча, ӏедало дӏа а лецна, Сибрех дохуьйтур дуйла. Амма гергарчу баккхийчу наха дехарш дора, шу ӏедална тӏе ца дахча, шу бахьана долуш йуьртана бохам хир бу, шиний агӏорхьарчара вовшийн цхьацца стаг а вийна, чӏир нисйелла, ӏедало шуна хӏумма а дийр дац бохуш.
Гушмацӏа а, Зеламха а, ӏеламха а, ӏизраил а Ведана ӏедална тӏебахара.
Уггар хьалха уьш тӏенисбеллачу пурстопа Черновс хӏорш сийсазбира, дений-нанний хьежош, тӏаьххьара а Зеламхина бетах тӏара а туьйхира. Уьш виъ набахти чу кхоьссира.
Уьш набахти боьхкина аьлла, хабар кхаьчча, царах къинхетам бар деха Ведана ваха кечвелира къена Бӏаьхо. Зударша дехарш дира цуьнга,