Зеламха маьрша лела. Иза ларвеш 250 эзар нохчо ву.
профессор П. И. Ковалевский
Хӏара тӏаьххьара шо ӏедалехьара зен-зулам ца хуьлуш, цо дукха са ца гатдеш, чекхделира Гати-Юьртахь. Йуьртара ӏедал а Саьӏадан а, цуьнан бартахойн а карахь дисира. Цаьрца-м ларабора гатийуьртахой, амма царал лакхарчу ӏедалца къийса ницкъ бацара. Цундела уьш тӏетаьӏӏина бӏаьстенна йалташ ден кечлуш бара. Кагделла йа мортдоьлла делахь, ворданан дукъ, аьрша, йалкха, чкъург-милк, цергаш хуьйцура йа тойора. Гота, нох, мекханаш кечдора. Ворданан а, готанан а чкъургашна долчо силам, доцчо йоькаш хьоькхура. Стерчашна, бугӏанашна алссам докъар а, хӏоъ а луш, цаьрга садоӏуьйтура.
Йуьртара дӏасаваханчо йа дӏасара вогӏуш, йуьртахула чекхволучо деана керла хабарш дийцаре деш, суьйранна пхьоьханахь тӏаьххьалц хӏуьттий а, ховший а ӏара. Бакъду, и хабарш кхуза кхачале тӏедеттий а, дестадой а хуьлура. Цхьадерш цхьа а бух боцуш, шайггара кхуллий а карадора.
Гуьмсан базарахь хилларг ма-дарра хаьара гатийуьртахошна. Кхузара масех стаг нисвеллера цигахь, кхоьш йохка ваханчу мискачу Дургин багара массо а церг а йаьккхинера, лерг а датӏийнера. Йаьхна цергаш а, датӏийна лерг а новкъа дацара цунна, дагахьбаллам бинарш цигахь йайна ши гали кхоьш йара.
Амма хӏокху тӏаьххьарчу иттех дийнахь массанхьа а даьржинчу цхьана эладитано сагатдинера массеран а. Областан сардалан омра ду, бохура, Зеламха а, обаргаш а, къуй а, талорхой а, кхиболу зуламхой а схьалеца йа байъий дӏабаха, нохчашкара а, гӏалгӏашкара а герз дӏадаккха аьлла. И тайпа омраш-м хьалха а хиллера дуккха а. Амма и омра кхочушдан хӏинца цхьа шатайпа къиза эскар вовшахтоьхна, Гуьмсехь адамаш дайъинарш а, маситтанна чевнаш йинарш а оцу эскарера салтий а, гӏалагӏазкхий а бу, бохура.
Селхана дуьйна йуьртахь дуьйцуш дара и омра йуьртдега Саьӏаде кхаьчна, пӏерасканан дийнахь иза нахана довзуьйтур ду бохуш.
Тахана рузба чекхдаьлча, нахе маьждиган майданахь совцар дийхира молла Хьуьсас. Йуьртара массо а боьрша стаг рузбане веанера тахана, цара йуьзира майда. Ишттачу гӏуллакхна аьлла, кертан йохалла охьадехкинчу дукъош тӏе охьахевшира баккхий нах ӏела, Ахьмад, Аьрсамирза, Лорса, кхин масех а. Бисинарш ирахь лаьттара. Нах дӏанисбелла, ладоьгӏна севцча, Саьӏад вистхилира: