– Шуна ма-хаъара, хабарш ду лелаш, обаргаш, кхиболу зуламхой схьалецалурш леца, цалецалурш байа, нохчашкара герз дӏадаккха аьлла, областан сардалан омра ду бохуш. И омра тхоьга схьакхаьчна. Иза йарташкахь нахе дӏакхайкхор йуьртдайшна тӏедиллина. Цул совнаха, и омра кхочушдар тӏедиллинчу эскаран коьртехь волчу эпсаро ша и болх болабале нохчашка кхайкхам бина. Сардалан омре а, оцу эпсаран кхайкхаме а ладугӏур ду аш.
Гонна йукъаваьлла ӏабди, шен карарчу газетах цхьаъ даржа а дина, йовхарш тоьхна аз а тодина, омра деша вуьйлира:
Со хӏокху областан начальникан дарже хӏоттавале суна дукхазза а хезнера, кхузахь къинхьегаман бахархой машаре баха ца буьтуш, массанхьа а къоланаш, талораш, адамаш дайар ду бохуш. Баккъал а аьлча, хӏетахь со ца тешара оцу хабарех. Амма хӏинца, сайна областера хьал девзича, ас халахетарца мукӏарло до и хабарш къаьхьа бакъдерг хиларна. Суна хиира, герзашца кечйеллачу разбойникийн гӏеранаша, къоланаш, талораш деш, адамаш дойуш, къаьст-къаьстинчу нехан а, дийнна йартийн а дохнан бажа, говрийн реманаш, жаш дуьгуш хилар. Аьчганекъашна, станцешна тӏелеташ, цӏерпошташ талош, адамаш дойуш хилар. Шаьш лецна нах цара къиза бойуш, майранашна, дайшна, вежаршна хьалха цара зударий сийсазбеш хилар. Мелла а таро йолу нах йийсаре а буьгуш, царна тӏера ахчанаш дохуш хилар. Ишттачу хьелашкахь машар, синтем, кхерамазалла, машаре къинхетам хир бу бохучуьнга догдохийла а ца хуьлу. Разбойникийн гӏеранех, зуламхойх, талорхойх шайн синош а, бахамаш а ларбан гӏалагӏазкхийн мелла а ницкъ бу. Шаьш а, шайн бахамаш а разбойникех, зуламхойх ларбан ницкъ боцу оьрсийн ахархой а, немцойн колонисташ а дуккха а барамехь дӏауьду Теркан областера. Лаьттан, дохнан долахой а, арендаторш а, шайн бахамаш дӏа а туьйсуш, гӏаланашка уьду. Шен бахаман, долаллин да а хилла, охьахаа ца ваьхьа цхьа а. Цундела промышленность а, махлелор а хӏора шарахь лахлуш ду хӏокху махкахь. Мохк дено-дено къийлуш бу. Кхана ша дийна вуьсург хиларх, шен бахам талоза буьсург хиларх тешаш цхьа а стаг вац. Иштта хьал пачхьалкхо ловр ду бохург бакъ дац.