Омра дешна а ваьлла, ӏабдис газет дӏахьарчийча, нахана йукъахь гӏовгӏа йелира. Цхьаъ ала дагахь хьалхагӏоьртира Солтхин Солта.
– Цкъа собар делахь, Солта, – сацийра иза Саьӏада. – Эпсаран кхайкхам а бешна, тӏаккха шена хетарг эр ду хӏораммо а.
Резавоцуш корта а хьовзийна, куьг ластийна, йухавелира Солта.
Цкъа а йуьртан гуламе ца вогӏу, тезеташкахь бен нахана йукъа ца волу ӏела, рузбана веача, тахана дуьххьара гуламе нисвеллера. Цуьнан а, уллохь хиъна ӏачу Аьрсамирзин а ойланаш, ӏабдига ладоьгӏуш велахь а, цхьана йукъана гена Хонкара-махка йаханера. Дийна ву а йа велла а ца хууш, масех шо хьалха доьза вайнера Аьрсамирзин кӏант Эламирза а, ӏелин вешин Аьрзун цхьаъ бен воцу кӏант Мохьмад а. Оьрсийн-японийн тӏеман фронтехь тӏамна дуьхьал мятеж йинчу нохчийн а, гӏебартойн а шина бӏон коьртехь хилла и шиъ, накъостий лоьцуш, ӏедалан кара ца воьдуш, веддера. Цаьршиннан накъосташна Мукденехь тӏеман-аренан суьдан кхелаца итт-ткъа шераш хенаш тоьхнера каторгехь йаха. Масех бутт хьалха Хонкара-махкара схьа цаьршинга хабар кхаьчнера, йолах болх беш а, сагӏа доьхуш а, лачкъош а шайна кхачанна а, некъана а ахча доккхуш, кхаа шарахь ваьлла леллачул тӏаьхьа, шаьшшиъ Хонкара-махка а кхаьчна, цигарчу нохчашца цхьаьна вехаш а ву, даймахка цӏа вирзича, лаьцна, Сибрех вахийтарна кхоьруш, цхьана ханна цигахь сецна аьлла. Цунах боккха кхаъ хиллера къеначу ӏелина а, Аьрсамирзина а. Шеко йацара, и шиъ Нохчийчохь велахьара, тахана Зеламхин тобанца хирг хиларан. Ткъа обарган дахар хӏора минотехь а кхерамна кӏел ду, ӏожалла а йу, кӏажаш хьоьшуш, цунна тӏаьхьайаьлла лелаш… – Оцу эпсаран кхайкхам нахана бовзийта аьлла, тӏедожийна дац тхуна, – элира Саьӏада, нехан гӏовгӏанаш дӏатийча. – Делахь а цо бохург хаар зене хир дац. Дешал, ӏабди.
Ӏабдис кхин газет даржийра.
– Бахархошкара герз дӏадаккха а, обаргаш, кхиболу зуламхой леца а, зуламаш совцо а кхоьллинчу шатайпачу эскаран командиро Вербицкийс хӏара кхайкхам бо нохчашка а, гӏалгӏашка а:
«Нохчий, гӏалгӏай!
Шу майра къаьмнаш ду. Шун дайша майра, турпала къийсина шайн маршонехьа. Аш майралла а, доьналла а гайтина, оьрсийн байракхаш кӏел Россин хастамехьа леташ а.