Амма хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь шуна йукъахь цхьа боьха адамаш гучудевлла, шайн эхьечу, боьхачу гӏуллакхашца шун оьздачу къаьмнийн сий бехдеш. Шун къаьмнех девлла даххаш ду уьш, къоланашций, талорашций дехаш. Имам Шемала талорхочун корта боккхура, къуьнан куьг доккхура. Оцу зуламхошца дерг тӏаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха сацам бина вайн пачхьалкхан правительствос. Ахархо, белхало, совдегар, пхьар, ӏу – иза муьлххачу къомах велахь а, хьанала къа а хьоьгуш, маьрша, машаре ваха лаьа цунна.
Со кхойкху массо а хьаналчу, оьздачу адамашка, махкара зуламаш дӏадахарехь цхьаьнакхетта, сайна гӏо даре, къуй а, талорхой а, разбойникаш а шайна йукъара дӏалахкаре. Шун къаьмнийн уггар оьздачу гӏиллакхах – хьаша тӏеэцарх – пайда оьцу оцу зуламхоша. Амма, суна хетарехь, оцу гӏиллакха йукъа ца богӏу къуй а, талорхой а. Шайн хӏусамашка богӏу некъ бехка царна.
Къуй, талорхой! Хӏинца шуьга а кхойкху со. Шун олаллин хан чекхйала герга йу. Шу, талораш деш, адамийн цӏий ӏенийнарш, тӏеман законашна тӏе а доьгӏна, ас ирхъухкур ду шу. Цундела ас цӏенчу даггара хьехар до шуна: шаьш сан отрядана тӏенисделлачу хенахь, дийна карадогӏучул, тӏаьххьара цӏийн тӏадам ӏанналц леташ далар гӏоли йу шуна. Шух кӏилло воцург, боьрша верг, тхуна хьалха йуха ца волуш, герз а карахь, леташ, лийр ву. Къуръано ца магийна зуламаш шайгара цадийлинарш, къоланаш а, талораш а цадинарш машаречу дахарна, хьаналчу къинхьегамна тӏеверза. Шайн берашка дешийта, пачхьалкхан законаш лера ӏамаде, Мухьаммад пайхамара гайтинчу некъа тӏехь нисде, халкъана пайде хила ӏамаде!».
Ӏабди, ша дешна газет дӏа а хьарчийна, йуьстахваьлча, Саьӏад вистхилира нахе:
– Хӏинца, сардалан омранах а, эпсаран кхайкхамах а лаьцна шайна хетарг аш алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. И омра даьккхина инарла а, нохчийн, гӏалгӏайн халкъашка кхайкхам бина эпсар а, уьш керстанаш белахь а, цхьана агӏор бакъ луьй аьлла, хета суна. Баккъал а, оьрсийн, керстанийн ӏедал вайн дин сийсаздеш а дац, и дин лело вайна новкъарло йеш а дац. Хӏора йуьртахь цхьацца, ткъа йаккхийчу йарташкахь шишша а, кхоккха а маьждигаш ду. Берашна бусалба дин ӏамо хьуьжарш а йу.