Эвлайааш а, ӏеламнах а бу. Вайн къоман ӏадаташ а, гӏиллакхаш а лоьру ӏедало. Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а диканиг-вониг а, цӏенаниг-боьханиг а, хьаналниг-хьарамниг а довзийтина вайна. Шен куьйгашца ша къа а хьегна ца даьккхинчу рицкъанах пайда ма эца, нехан долаллина тӏе куьйгаш ма кхийдаде, къола ма де, адамаш ма дайа, кхидолу зуламаш ма леладе, боху вайга Дала…
– Цкъа хьалха шаьш дита зуламаш! – мохь туьйхира Солтас. – Тхо къоланаш деш а, зуламаш деш а дац! Шаьш лелориг дийца!
– Оха лелийна, леладо бохуш, дукха дийцина, Солта. Тахана уьш ца дуьйцур вай. Къуръан чохь Дала а, хьадисашкахь пайхамара а аьлларг ма ду оьрсийн ӏедало вайга бохург а, ткъа вай йа бусалба дино бохург а, йа ӏедало бохург а ца до, цундела вайна даим дӏа бохамаш хуьлу, вай къен-миска а, балехь а ду. Ӏаьржа ун санна, нохчийн махкахь даьржина хӏара зуламаш. Цӏоз санна, мискачу халкъана тӏелетта и зуламхой совцо шена гӏо де, боху вайга ӏедало. Нагахь санна шайна машаре, синтеме даха лаахь, маьрша, хьанала къахьега лаахь, зуламхой къайла ма баха, царна гӏо ма де – боху сардала. Бахархойн карахь герз мел ду, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дӏадевр дац, боху цо. Зуламхой совцо а, герз дӏадаккха а шена гӏо ца дахь, ша уьш хӏаллакбийр бу, ткъа церан гӏоьнчашна ша луьра таӏзар дийр ду, боху цо. Нагахь санна гӏуллакх оцу хьола тӏе далахь, хийла бехк-гуьнахь доцу адамаш дойур ду, зударий, бераш, къенанаш Сибрех бохуьйтур бу, йарташ йохор йу. Шеко йац, нагахь санна вай кхетаме ца дагӏахь, вайн йуьртана а таӏзар дийриг хиларан. Хӏунда аьлча, вайн ши йуьртахо ву обаргашца. Султахьаьжин Доша а, Сулимин Хьомсуркъа а. Уьш талораш деш, адамаш дойуш бу, ца боху ас. Ӏедалан бекхамах шайн синош довдийна, обаргаллин новкъа бевлла уьш. Амма ӏедална гергахь обарг цӏе йолу муьлхха а стаг талорхо, адамашдайархо ву. Кхана-лама вайн йуьрта эскар деача, цо и ши стаг а, герз а дӏадехча, хӏун дийр ду вай?
Саьӏад къамел дина валлалц хала садетташ ӏийна Солта, шен цхьаъ бен доцчу куьйгаца нах дӏаса а тоьттуш, гонна йукъавелира:
– Саьӏад, ахь дийцарехь, оьрсийн паччахь а, сардал а цӏена Делан маликаш, ткъа нохчий – цхьа а дин доцу мунепикъаш, акха адамаш ду.