йара. Теркаца дуькъа дохк лаьттара, ткъех гӏулч хьалха боьлхурш а ца гуш. Цхьана агӏор, иза хӏокхаьргахьа дара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а хӏара меттигаш дика йевзаш хилар бахьана долуш, некъах ца туьлуш, сатоссучу хенахь Гӏизларна ткъех чаккхарма герга кхечира Зеламхин тоба. Цигахь, Теркан аьрру агӏонехь, лекхачу, луьстачу эрзаш йуккъерчу цхьана ирзохь сецира Зеламха. Цхьацца сахьт йукъадолуьйтуш, цига кхечира важа ши тоба а.
Кхузахь ӏуьйра ламаз а дина, говрашна хӏоъ а белла, хи а малийна, цаьрга са а доӏуьйтуш, шаьш а шина-кхаа сохьтана садаӏа севцира уьш. Кхача биъначул тӏаьхьа Аюба, шен таьлсаш чуьра схьа а йаьхна, Дегӏастанан дошлойн регулярни полкан погонаш дӏайийкъира накъосташна. Уьш белшаш тӏе муха лато йеза а хьийхира. Зеламхас хьалххе аьллера, шеца богӏучу накъосташна тӏехь бустамаш долу чоэш а, коьртахь кхакханан месала куйнаш а хила деза. Уьш массо а иштта кечвелла вара. Шовзткъе кхойттанна могӏарерчу дошлойн, кхаанна вахмистран погонаш йелира Аюба. Саламбекана а, шена а сотникан погонаш йитира, Зеламхе ротмистран погонаш йелира. Хӏинца, документаш ца теллича, хала дара уьш муьлш бу хаа.
Бӏаьрг тоьхча, резахилира Зеламха шен бӏона. Тӏаккха тӏаьххьара дош элира цо:
– Хӏинца Гӏизлара доьлху вай. Цигара банк йахьа. Цига дӏакхача бисинарг ткъех чаккхарма бен некъ бац. Цхьана сохьтан некъ. Аш дан дезарг Саламбекана а, Аюбана а хаьа. Бисинчара цаьршиннан омра кхочушдийр ду аш. Банкана тӏедоьлху некъаш дӏалоьцур ду вай. Сой, Саламбеккий, Аюббий банка чу гӏур ву. Нагахь санна вайн гӏуллакх кхераме хилахь, оха герз кхоьссина хаам бийр бу шуьга. Тӏаккха хӏаваэ а, дӏаса а герз детташ, гӏовгӏа йаккхий, Теркан тӏай тӏе йухадовла. Орца дуьхьалдаьлча, доха мегар дац, дарделла лоьмаш санна, тӏелатий, ков даккхий, хьалха дӏагӏо. Амма вайх вийнарг а, чов хилларг а ма вита. Гӏали чу пхиппа гӏулч йуьтуш, кхоккха цхьаьна а хӏиттина гӏур ду вай. Хӏан, хӏинца Делан лаамца, Делан пурбанца новкъа довлу вай!
1910-чу шеран 9-чу апрелехь дийнахь шийтта сахьт долуш, Гӏизлара чу бахара уьш. Зеламхас ха дитира шаьш йухадовла дезачу а, банкана тӏедогӏучу а урамашкахь. Берриг а дошлой гӏаш