бевлира. Шен а, кхаа накъостан а говраш кийчча латто, цаьрца пхийтта стаг витира. Зеламха, Саламбек, Аюб банка чу вахара. Оцу чуьра белхалой, хӏуманнах а шек а боцуш, шайн белхаш беш ӏара. Хӏорш кхоъ чоьхьаваьлча а, цхьаьннан а тидам а ца хилира.
– Шаьш долчуьра меттах ма довла! Куьйгаш хьалалаца! – мохь туьйхира Аюба. Тӏаккха шена банках хьаькам хир ву аьлла хетачу, бӏаьргех куьзганаш долуш, дика кечвеллачу стагана тӏевирзира иза. – Хьо вуй хазанча Копытко?
Зеламхас ша Гӏизларера банк йахьа вогӏу аьлла, Вербицкийга йаздина кехат доьшуш, ца вешаш атаманаца цхьаьна дукха вийлинера Копытко. Зеламха ваьхьа кхуза ван! Гӏалагӏазкхийн маситта станицехула чекх а ваьлла, эскаран йоккха гарнизон лаьттачу Гӏизлара! Теркал сехьа ма-велли, цара шен разбойникашца хӏаллаквийр вара иза! Теркал сехьавала а кхуьур вацара. Терка чохь бойур бара, пхьидаш санна!
Ткъа хӏинца Зеламха цунна хьалха ву. Вербицкий цӏахь вац. Соьлжа-Гӏалахь йа Буритӏахь сакъоьруш ӏаш хир ву. Цуьнан гӏоьнча Аверьянов мичахь ву а ца хаьа. Иза а хир ву цхьанхьа, мелла тӏуртӏазваьлла, дӏакхетта ӏаш. Доцца аьлча, орцане дог дохийла йац Копыткон. Зеламхин кехатах ша мел ца ваьшнехь а, ларлург Дала а ларво аьлла, сейфаш чуьра дерриг а ахча борзанан неӏарш йолчу банкан лармаш чу дӏакъевлинера цо. Хӏинца цунах маслаӏат хиллера хазанчина.
– Со ву, – вахьийна, вистхилира иза.
– Хӏара Зеламха ву, – Зеламха вовзийтира Аюба. – Мичахь ду хьан ахча? Сейфаш схьайелла!
Куьйгаш дегош, сейфийн неӏарш схьайиллира Копыткос. Амма царна чохь кегийра цӏестан ахча бен дацара.
– Мичахь ду шун ахча? – цунна тӏечевхира Зеламха.
– Кхин дац…
– Ас-м, ахча мичахь ду, хоьттий хьоьга?
– Хьо банк йахьа вогӏур ву аьлла, ахь Вербицкийга кехат даийтича, кхерабелла, банкера шайн ахчанаш дӏадаьхна наха…
– Аьшпаш буьтту ахь, ахча мичахь ду, дийца! – гай тӏе тапча гӏортийра цунна Зеламхас.
Стенна дара а, хаац, кхеравелла, макхвелла вегош волу Копытко, цӏеххьана хийцавелла, мохь хьекха вуьйлира:
– Дац ахча! Хилча а, ас дуьйцур а дацара, иза мичахь ду! Разбойник! Талорхо! Кхузара дийна дӏагӏур вац хьо!..
Дерриг а цхьана-шина секундехь хилира. Ванах, эсах ваьлла-те хӏара йа терг