Элбарта ма-вийццара, хьо хиларх теша со. Амма и хьайн майралла а, доьналла а, тешам а ахь паччахьна, Андронниковна дӏабеллий-те йа хьан дегӏан пхенаш чохь леларг вайнехан цӏий дац-те?
Мохьмад-Гери, вагийча санна, хьалаиккхира.
– Сан дегӏан пхенаш чохь леларг вайнехан, гӏалгӏачун, бусалбан цӏий ду, Зеламха! Гӏалгӏайн, вайнехан къоман дуьхьа сайн са, цӏийн тӏаьххьара тӏадам дӏабала кийча ву со. Амма хьан дехар кхочушдан ницкъ бац сан. И цхьаъ ду. Шолгӏа, и ницкъ соьгахь хилча а, ас хьоьга делла герз нохчийн а, гӏалгӏайн а къомана зуламе дер ма ду. Ахь кӏело а йина, итт-ткъа салти вуьйр ву, ткъа ӏедало масех бӏе стаг, лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву, йарташ йохор йу, бераш байлахь дуьтур ду, зударий жоьра буьтур бу, къена дай-наной верасаш боцуш буьтур бу. И къа сайна тӏелаца ца лаьа суна, Зеламха. Хьан хьайн ден да, да, вежарий, ден вежарий байъина, хьан зуда а, бераш а набахтехь ду. Хӏокху тӏаьхьарчу итт шарахь хьо бахьана долуш дукха адамийн цӏий ӏенна, дукха зударийн а, берийн а бӏаьрхиш ӏенна. Цара неӏалт кхайкхадо хьуна, Деле хьан ӏожалла йоьху цара. Вай даим даха кхоьллина ма дац, дала дезаш ма ду. Хьайн са ахь мел дукха идадарх, цкъа валаза ма ца волу хьо. Тоийтахьа хӏинца мукъана а, ӏедална тӏе а гӏой, хьайна кхел йайтахьа. Дала йаздинчух кӏелхьарвер ма вац хьо.
Зеламхас лерина ладуьйгӏира Мохьмад-Герига. Цо дуьйцург керла дац Зеламхина. Цо ша а дукха ойланаш йинера шен кхолламах. Амма Мохьмад-Герис марсайаьккхира цуьнан кийрахь хаддаза йогу цӏе.
– Халкъан бохамашна со бехкево ахь, Мохьмад-Гери? Ахь дуьйцург хьайн дагара дац, Мохьмад-Гери, оьрсийн паччахьан, ӏедалан дагара ду. И къамел дийриг гӏалгӏа вац, оьрсийн паччахьан эпсар ву. Сан ден да Бӏаьхо бӏе шарахь сов ваьхна. Бӏаьхон ден да дуьнен чу а валале, ши бӏе шо хьалха нохчийн, гӏалгӏайн махка баьхкина оьрсий. Нохчийн, гӏалгӏайн мохк дӏалаца, и ши халкъ лолле дерзо, и шиъ керста дине дерзо. Оцу шина бӏе шарахь бӏе эзарнаш нохчий байъина оьрсийн эскарша, бӏеннаш йарташ мосазза а чим беш йагийна, лаьттаца дӏанисйина. Бӏе эзарнаш нохчий махкахбаьхна, Сибрех, Хонкара бахийтина.