Нохчийн, гӏалгӏайн уггар дика мохк дӏа а баьккхина, оцу тӏе баха охьахевшина. Хӏетахь со дуьненахь ма вацара, Мохьмад-Гери. И шайн дайн мохк мах луш гӏалагӏазкхашкара цхьана ханна лело йа йукъахь лело схьа а оьцуш, шайн доьзалшна сискал йаккха Теркал дехьа бахана нохчий, гӏалгӏай ӏедало, кӏотарш йагош, лаьмнашка лоьхкучу хенахь со обарг ма вацара, ва Мохьмад-Гери. Нохчийн халкъан цӏий ӏено, зударийн а, нанойн а, берийн а бӏаьрхиш ӏено ши бӏе шо ма ду, ва Мохьмад-Гери. Хӏокху тӏаьхьарчу итт шарахь оьрсийн ӏедало нохчий, гӏалгӏай байарна, махкахбахарна, зударий а бераш а делхорна, йарташ йохорна, йагорна, вайнехан халкъашкарчу бохамна бехке со ма вац, ва Мохьмад-Гери, ткъа ахь а, хьо санначара а доггаха гӏуллакх деш долу оьрсийн паччахьан ӏедал ма ду. Ткъа сан дегӏах, сих дерг аьлча, ас ӏаьржачу кепекан меха а ца лору иза. Итт шо ду хӏора дийнахь, хӏора сохьтехь, хӏора минотехь со ӏожаллина хьалха лаьтта. Хӏокху хӏусамера араваьлча, сайх хиндерг а ца хаьа суна. Со ӏожаллех кхоьруш вац, Мохьмад-Гери, ткъа сайн халкъан мостагӏех дог ӏаббош бекхам а ца оьцуш, дагахьбаллам а буьсуш, валарна кхоьру. И сан чӏагӏо, и сан ӏалашо кхочушйан суна пхи топ а, ши эзар патарма а карадехьа, Мохьмад-Гери, хьо гӏалгӏа а, хамхо а, бусалба а велахь!
– Со гӏалгӏа а, хамхо а, бусалба а ву, Зеламха. Амма отрядан герз хьуна дала ницкъ бац сан. Нахера лехна, ас пхи топ а, пхи бӏе патарма а лур бу хьуна. Сан ницкъ боцург суна тӏе а дожадай, сан сий дайа ма гӏертахьа, Зеламха!
– Дика ду, Мохьмад-Гери. Тхан герз ду массанхьа а дӏадиллина. Амма тховса со тӏекхочехь дац. Герзаца накъостий а бу ӏедалх къайлабевлла, дӏасабаьржина. Уьш тӏегулбан а, герзана тӏекхача а хан йац сан. Суна тховса деза герз. Кхана ӏуьйранна ӏассан тӏай тӏе йогӏу хьакхарчий йайа. Ахь нахера дехна, эцна йа йухалург а герз дахь, кхо де далале, со валаза висахь, ас иза дӏалур ду царна. Йа изза герз, йа цул а тоьлларг.
Мохьмад-Гери а, Элбарт а аравелира хӏусамдеца.
Ши сахьт даьлча, йухабаьхкира уьш, пхи топ а, царна пхи бӏе патарма а бохьуш…