Дуккха а сингаттаме, балане суьйренаш хиллера шина зудчун дахарехь. Амма уьш шайн даймахкахь ловра цара. Кегийчу берашца цхьаьна ӏедалах лечкъаш, йуьртах, гергарчарех, цӏийнах йаьлла итт шо хан текхира. Цхьа минот а хан ца хуьлура и шиъ сапаргӏатйаьлла. Хӏинций-хӏинций шаьш леца салтий богӏу бохуш, дегнаш детталуш ладоьгӏура. Амма хӏетахь и шиъ нохчашна, гӏалгӏашна йукъахь йара. Цара ларбора уьш кхерамах. Сагатделча, хӏусамдайшца, лулахошца охьаховший, синтем бойла хуьлура. Цара мацбала а, шелбала а ца буьтура. Берашца ловза церан нийсархой а хуьлура. Кест-кеста Зеламха а кхочура царна тӏе. Цигахь дерриг а дагна гергара дара. Лаьмнаш а, хьаннаш а, ӏаннаш а. Дерриг ӏалам а. Кхузахь дерриг а хийра ду. Адамаш, церан мотт, гӏиллакхаш. Тӏе, нагахь санна Зеламхех хабар кхуза кхаьчнехь, диканиг йа вониг кхаьчна, ца хаьа. Вочу агӏор вуьйцуш хабар кхаьчнехь, хӏокхаьрга мостагӏашка санна хьуьйсур бу кхузара бахархой. Кхузара ӏалам а ду шатайпа. Цхьа а дитт дац церан даймахкарчарех тера. Шийла бу хӏара мохк. Бовхачу махкахь кхиъначу хӏокхарна хала ду кхузара шело лан. Бовхачу махкара цӏеххьана шийлачу махка нисбелча, махкалла а дой, кхузахь адамаш леш меттигаш дукха хуьлу бохуш, хезнера царна. Могаш, дегӏехь ницкъ болу къона нах а. Ткъа хӏара шиъ зуда йу, бераш кегий ду. Шайн кхоллам муха хир, ца хууш, и хьалхара буьйса набарза йаьккхира Бецис а, Зезага а. Цкъацкъа тийжаш йелха дог догӏура. Амма цаьршимма, хала садетташ, сецабора легашка хьалагӏерта бала. И шиъ йилхича, дегнаш духур дара берийн…
Бецин а, Зезаган а кхузарчу адамех кхерар эрна хиллера. Хӏорш гӏараваьллачу Зеламхин доьзал хиларна ган лууш богӏура а хаацара, йа хӏара адамаш шаьш иштта дог дика дара а хаацара, амма шолгӏачу дийнахь дуьйна хӏокхеран хӏусаме схьаоьхура йуьртара бахархой. Зударий а, бераш а. Могӏа ца хедаш. Куьйгаш даьсса ца богӏура зударий. Цара бепигаш, булочкаш, картолаш, копастанаш, шура, нехча, кхиерш а йохьура. Ткъа божарша хоьттура, шайгара гӏо оьший бохуш. Царна йукъахь къаьсттана хӏокхеран бала кхаьчна хьийзара Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а.