Аркадий Петровича говран салазахь дечиг дохьура царна, тӏаккха шен кӏентан гӏоьнца пешан барамехь херхаца хедадой, нийса хьажош тӏекӏел дуьллура. Бецигӏеран пеш кӏур тийса йоьлча, гӏожа буьххье йихкина горгам цӏа чуьра хьала а, тхов тӏера охьа а туьнкалга чу хьийзош, цӏанйира цо.
Хӏокху кертахь цхьа хьаштагӏа йара. Шайн гӏуллакхна цу чу боьлхура хӏусамдай, церан бераш, шолгӏачу гӏаттӏехь йехаш йолу, хӏорш санна, ссылке йаийтина оьрсийн къона йоӏ. Бецигӏар ийзалора оцу йукъарчу хьаштагӏа чу баха. Тӏе, иза даим боьха а хуьлура. Хӏокхарна дагахь дерг Аркадий Петровична муха хиънера а хаацара, цо, хӏусамдеца барт а бина, Бецигӏарна шайнна хьаштагӏа йира.
Къаьсттана Бецигӏарна дукха гӏуллакхаш дора Николай Трофимовича. Иза говза дечг-пхьар вара. Цӏахь шен пхьалгӏахь йина стол а, цунна гонаха хӏотто диъ гӏант а, чийлакаш тӏехӏитто деха цхьа гӏант а деара цо. Тӏаккха цхьана сонехь пенаца хьала шкаф йира. Амма доллучул а уьш баккхийбебора Николай Трофимовича аннех бинчу маьнгех. Цхьа маьнга цӏа чохь болуш бара церан. Готта, боца. Цунна тӏе диъ бер халла дӏатарлора буса, ткъа Беци, Зезаг, ши йоӏ цӏенкъа охьабуьйшура. Буса шеллуш, набарха буьйлура уьш. Хӏинца массарна а охьабийша маьнгеш дара церан.
Амма хӏокху хийрачу махкахь хӏокхеран доьзалан уггар гергара адам хилла дӏахӏоьттинера шолгӏачу гӏат тӏехь, цхьана цӏа чохь йехаш йолу оьрсийн къона йоӏ Валентина Михайловна Карташова. Иза ша Петарбухера йара, интеллигентийн доьзалехь йина, кхиъна. Да университетехь профессор вара, нана – лор. Университетехь истори факультетехь шолгӏачу курсехь доьшуш йолуш, большевикийн ӏаткъамна кӏел йахара Валентина. Цо студенташна йукъахь болх бора, Марксан, Энгельсан, Ленинан, Плехановн ӏилманан белхаш а, большевикийн кхайкхамаш а баржош. Цхьаьннан маттаца университетера дӏайаьккхира иза. Пхи шо хьалха хиллачу революцехь жигара дакъалецира цо, тӏаьхьа, большевикийн партин могӏаршка а хӏоьттина, ша хьалха доьшуш хиллачу университетехь студентех партин къайлах ячейка вовшахтуьйхира цо. Йуха а цхьаьннан маттаца, цуьнан хӏусамера революцин литература а йоккхуш, лаьцна, кхуза ссылке йаийтира.