Валентина Михайловнин ткъе йалх шо дара. Боьмаша месаш, жугӏара бӏаьргаш, дуькъа, деха цӏоцкъамаш, нийса мара, севсина цӏен балдаш, беснешна йуккъехь а, чӏенга тӏехь а кӏаьгнаш долуш, озо ала мегаш, йуккъерчу дегӏахь, кӏайчу чкъурахь, чӏогӏа безамехь йоӏ йара иза. Партал, кӏедачу озаца цо хабар дуьйцуш, ца кӏордош ладегӏа дог догӏура.
Валентинас хӏокхарна дуьйцура газеташа Зеламхех лаьцна йаздийриг. Цкъа цхьана дийнахь Муслимате, Энисте элира цо:
– Шуьшинна гӏеххьачул оьрсийн мотт хаьа. Жимма вай къахьегча, иза шарлур бу шуьшинна. Делахь а йоза-дешар ӏамо деза ашшиммо. Тӏаккха шаьш доьшур ду аш газеташ.
Ши йоӏ ца тешара шаьшшинна йоза-дешар ӏемар ду бохучух. Хӏокху доьзалехь Муслиматах – Бедаг, Энистах – Эни олура. Ткъа Валентинас и ши цӏе шатайпа йоккхура.
– Бадик! Аниска! Сох ца теша шуьшиъ? Кхузахь хала хӏумма а ма дац! Пхи-йалх шо долу берашна ӏема кхаа баттахь. Ткъа шуьшиъ хьекъал долуш, йоккха ши йоӏ йу. Тахханехь болх дӏаболор бу вай. Мохьмад а, Лом-ӏела а ӏамор ву шуьшинца цхьаьна.
Оцу дийннахь меттигерчу ишколе а йахана, цхьа азбука, масех тетрадь, къоламаш, кира деара Валентинас. Шолгӏачу дийнахь Николай Трофимовича жима у кечдира, тӏе ӏаьржа басар а хьаькхна.
Валентинас ма-аллара, кхаа баттахь йоза-дешар ӏемира деа берана. Делахь а кхиамаш цхьатера бацара церан. Энистан кхиамаш алсам бара. Мохьмада а, Лом-ӏелас а мало йора, йа вуьшта аьлча, царна ловза лаьара. Делахь а йоза йаздан а, газет доьшуш цхьа таро йан а ӏеминера и шиъ. Ткъа Муслиматна а, Энистана а шо далале шерра деша а, хаза йоза йаздан а ӏемира.
Шен дукхахйолу хан хӏокхеран доьзалехь йоккхура Валентинас. Берашца къамел деш, цара оьрсийн дош нийса ца аьлча, нисбеш, книга йоьшуьйтуш, йоза йаздойтуш. Бецигӏарна иза шайн доьзалхо санна хетара. Валентина шайца йолуш, царна бицлора шайгара бала. Амма шо даьлча, вовшахкъастийра уьш. Минусинскерчу ӏедална хиира Валентина разбойникан Зеламхин доьзалца болх беш хилар. Иза, кхузара дӏа а йаьккхина, Минусинске йигира.