Шкафийн къаьстинчу терхешна тӏехӏиттийна йара Кавказан исторех лаьцна книгаш. Ермолов, Потто, Дубровин, Зиссерман, Фадеев, «Кавказский сборник», «Акты кавказской археологической комиссии», «Сборник сведений о кавказских горцах» томаш а, «Военный сборник», «Русская старина», «Русский инвалид», кхин цхьамогӏа журналаш а. И литература дика йевзара Липрандина. Тӏаккха пенаца боккхачу куза тӏехула хьалаоьхкинчу герзашка хьежа вуьйлира. Уьш дукхахдерш кавказски герзаш дара. Хӏусамдена совгӏатана делла а, цо эцна а.
– Ахь Кавказан истори йуьйцу, Петр Иванович, – элира цо, шен кресло чу охьа а хууш. – Дӏадахнарг. Тахана долуш дерг. Нохчийчохь Зеламхагӏар а, динан фанатикаш а, оьрсашна дуьхьал гӏовттамаш а ца хилийта, вайн правительствос хӏун дан деза аьлла, хета хьуна?
– Иза-м хетта оьшуш хӏума а ма дац, Алексей Павлович! Нохчийчуьрчу зуламийн хьоста и халкъ кхетамна, культурина, экономически кхиарна тӏаьхьадисар ду. Нохчийчоь вай къарйинчул тӏаьхьа шовзткъе кхойтта шо даьлла, амма нохчашна йукъа ӏилма даржорна а, культура, экономика кхиорна а пӏелг пӏелгах тоьхна хӏума ца дина вайн правительствос. Нохчашца вайн тӏом хилале хьалха, йа вуьшта аьлча, XVII бӏешарахь хиллачу тӏегӏанехь йу церан культура а, экономика а. Нийсса аьлча, хӏетахь церан хилла экономика а йохийна вай. Туьрций, цӏарций. Талламхоша йаздарехь, хӏетахь латталелор, даьхнилелор, накхаршлелор, бошмашлелор лакхарчу тӏегӏанехь хилла нохчийн. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тӏамехь вайн эскарша хӏаллакйира нохчийн йарташ, йалташ, бошмаш, хьаннаш. Бӏешерийн дохалла оцу халкъо къахьоьгуш, хьацарца кхоьллинарг дерриг а. Хӏаллакьхилла лаьттаца белхан говзалла хилла ши тӏаьхье а. Тӏом чекхбаьлча тӏекхиъна тӏаьхьенаш хераевлла латталелорах, даьхнилелорах, кхечу къинхьегамах. Керлачу тӏаьхьенийн говзалла, корматалла герз а, талораш а йу. Ткъа цаьрга и зуламаш дитийта, герз къинхьегаман гӏирсашца хийцийта, уьш хьаналчу къинхьегамна тӏеберзо уггар хьалха царна йукъа европейски цивилизаци а, оьрсийн культура а йаржо йеза. Шолгӏа, шайн экономика кхио царна гӏо дан а деза.