Масала, йаккхийчу йарташкахь ишколаш схьайоьллуш, царна йуьртбахаман гӏирсаш, стерчий, говраш, бежанаш эца кредит даларца. Ткъа оцу шовзткъе кхойтта шарахь Нохчийчохь цхьа а ишкол, цхьа а больница схьа ца йиллина вайн правительствос.
– Ахь дуьйцург коьртачарех цхьаъ ду, Петр Иванович. Амма коьртачарех хьалхарниг дац. Кавказ туркойн, англичанин бага йоьдучуьра схьайаккха гӏерташ, бӏешарахь гергга шен цӏий ӏенийна оьрсийн халкъо. Кавказ оьрсийн хила йеза, цигахь оьрсийн пачхьалкхан ӏедал хила деза, цигахь бехаш оьрсий хила беза. Меттигерчу туземцел шозза-кхузза алсам. Уьш вайн пачхьалкхан, ӏедалан тешаме а, онда а гӏортор хила йеза. И хууш, шен хенахь Ермоловс дукха корта биттира паччахье а, правительстве а, амма цхьаммо а цуьнга ла ца дуьйгӏира. Коьртачарех коьртаниг – Кавказехь дуккха а барамехь оьрсийн бахархой охьаховшор ду. Хӏаъа, нохчашна йукъа европейски цивилизаци йаржо йеза. Цул а хьалха – оьрсийн мотт, культура, гӏиллакхаш. Оцу ӏалашонца схьаелла йеза вай нохчашна ишколаш. Кавказера кегий къаьмнаш русифицировать дан, уьш оьрсашна йуккъехь ассимилировать дан. Гуьржаша, эрмалоша, азербайджанаша хӏокху тӏаьхьарчу хенахь кортош айъина. Россех йозуш йоцу шайн пачхьалкхаш кхоллар а хьехадо. Суна хетарехь, и халкъаш кхераме дац вайна. Гуьржий а, эрмалой а цкъа а Россина дуьхьал ца гӏевттина. Цкъа-делахь, вайца цхьана керста динехь ду и къаьмнаш. Шолгӏа-делахь, Россица, оьрсийн халкъаца ийгӏича, шаьш туркойн олаллина кӏел дахарна кхоьру уьш. Азербайджанцаш бусалбанаш бу, цундела церан дог-ойла бусалбачу туркошкахьа йу. Амма Гуьржийчохь, Эрмалойчохь бехаш дуккха а азербайджанцаш бу. Хонкарахь дуккха а эрмалой бу. Цигахь туркоша ницкъ бо эрмалошна. Дӏадаханчу шарахь, Хонкарара ведда, 50 эзар эрмало веана Эрмалойчу. Азербайджанашка шайн исторически мостагӏашка санна хьуьйсу эрмалой. Гуьржийн а, азербайджанийн а йукъаметтигаш иштта ира йац, делахь а оцу бусалба а, керста а шина къома йукъахь цкъа а барт хир бац Россина дуьхьал. Цундела Закавказьехь йаккхий политически гӏовгӏанаш хила тарло, амма Россина уьш кхераме хир йац. Кхерамениг Нохчийчоь йу.