Тӏаьхьа тӏевеанчу веаннах цхьаммо, говран коьртах тера йеха йуьхь а, мукадехкачух тера муцӏар а, бӏаьргаш а, йоцца лергина хьаьрса маж а, хаза тодина дуткъа мекхаш а долчу лохочу дегӏарчу верстинчу стага, гонна йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира.
– Хӏан-хӏани, нах! – мохь туьйхира цо гӏоргӏачу озаца. – Шуна ма-хаъара, вайн укурган начальнико кхайкхина Ведана вигначуьра селхана сарахь цӏа кхаьчна со. Пурстопал тӏех а ваьккхина, лаа кхойкхур вац полконака шена тӏе. Со дӏа хӏунда кхайкхинера, цо соьга хӏун аьлла, дуьйцур ду ас шуна. Царах хьалхарниг ду вайн йуьртарчу наха ӏедална такхамаш цабар. Дӏадаханчу шерийн шуна тӏехь дисина декхарш дуьйцур ду ас шуна…
Нахана йуккъехь, резабоцуш, гӏовгӏанаш йевлира:
– Тхайна тӏехь дисина декхарш дагахь хаьа тхуна!
– Уьш-м бӏозза дийцинера ахь!
– Кхин керланиг делахь, и дийцахьа, Саьӏад!
– Бакълоь, Бӏаьштиг. Кху шелехь эрна хан йайа ца оьшу…
– Керланиг дийца лаьа шуна? Лаахь, иза а дуьйцур ду, – шен гӏовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат даржа а дина, цунна тӏехьаьжира Саьӏад. – Соьмаш а, кепекаш а йагарйийр йац ас. Пачхьалкхан налог дезткъа туьма. Йуьртан йукъарчу гӏуллакхашна йала йеза налог шийтта туьма. Йуьртан махка тӏехь дика некъаш а, тӏайш а, йуьртахь цӏена хиш а хила-м лаьара шуна, амма оцу гӏуллакхашна харж йан ца лаьа. Бӏон налог йу ткъа туьма. Хӏора йуьрто оц-оццул налог ца йелча, иза мел ӏаьӏа, хаьий шуна? Аш ахча ца делча, Нохчийчохь эскарш кхабалур дуй-те ӏедална?
– Дера деза хӏета шайн Расе дӏадига. Нохчаша дехна а, хьошалгӏа кхайкхина а ца далийна уьш кхуза, – мохь туьйхира хьалха лаьттачу лохачу, векъначу, беркъачу воккхачу стага.