Йа пачхьалкхан декхар охьадилла, йа йаханчу бӏаьста эскаре а бевлла, япон тӏаме баханчарна тӏаьххье дӏагӏо. Цхьана шарна тӏаме ваханчунна ткъе диъ туьма ахча делла ӏедало. Иза цхьана стеган бахам бу! Шо кхочуш доллу Аьрсамирзин Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а тӏамехь волу. Бакъду, Солтханан Солта, цхьа пхьарс а баьккхина, цӏа веана. Пхьарс баьккхинехь а, ахча хилла-кх цунна. Ӏедало цхьа кепек а ца луш, тӏаме боьлхуш, чевнаш а хуьлуш, байа а бойуш, схьадогӏуш дац хӏара дуьне? Иштта туркойн тӏаме ца даханера тхо а? Цига ваханчу тхо веаннах кхоъ цӏа веара. Хортӏин Асхьабан цигахь ӏожалла хилира, Сатун Солтха, пхьарс а баьккхина, цӏа веара. Иштта хӏума ма йу тӏом. Йа тӏаме гӏо, йа тӏаме баханчарна дала ӏедална ахча ло. Тӏаьххьара а кхин цхьаъ ду. Дӏабаханчу баттахь Оьрза-Гӏалахь лачкъийнчу шина говран лар вайн махка тӏехь сецна. Церан мах ткъа туьма бу. И ахча хӏинца а схьа ца делла аш…
– Вайн махка тӏе йалийнарг харц лар йу! Тхоьгара гӏуда даккхархьама йалийна!
– Вайн эвлахь къуй бац!
– Хилча а, шайн йуьртана йамартло йийр йацара. Кхечу йарташкарчу наха дина иза.
– Шайн ворхӏе дена неӏалт хуьлда и къола динчарна!