Шолгӏа иштта меттиг хаалахь, кху йуьртахь виллина ӏен гӏалагӏазкхийн бӏе дошло воуьйтур ву ша а, боху полконака. Тӏаккха атта хир ду шуна дуучуьнца-молучуьнца уьш а, церан говраш а кхаба. Тӏехула тӏе, герз лелор нохчашна дихкинийла шайна шал шера хуъушехь, герз ги а доьллина веана шу массо а кхуза. Цуьнан хӏун до аш, ги а доьллина лелийна? Шу хьанах лата, мила вен дохку? Йа шух лата, шу дайа гӏерташ мила ву? Шун чӏир а хьаьнца йу, шуьца чӏир а хьенан йу? Цкъа марах дер ду шуна и герз. Иза шуьгара схьадаьккхина а ца дуьтуш, лан ца даллал гӏуданаш деттар ду шуна, ткъа цхьаберш бахнарш йуха ца богӏучу Сибрех а бохуьйтур бу…
– Шу айкх ца дийлахь, Веданахь волчу полконакна, кхузахь оха хӏун леладо, хуур дац!
– Гӏалагӏазкхашна йоллу бакъонаш хила йеза нохчашна а. Цхьана паччахьан ӏедална кӏел хилла ца ӏаш, гӏалагӏазкхашца цхьана махкахь, цхьана лулахь дехаш ду вай. Нохчашна герз лелор дихкина, ткъа гӏалгӏазкхашна, лело бакъо йелла ца ӏаш, доцчунна маьхза ло иза!
– Гӏовгӏанаш ма йейша, хӏай, нах, хӏай! – ӏаса хьалалаьцна, мохь туьйхира чалба йолчо. – Герз лело бакъонаш йоькъург хӏара Саьӏад ву-м, ца моьтту шуна? Полконака шуьга дӏаала аьлла шена тӏедиллинарг ду цо дуьйцург. Шаьш резадацахь, Ведана а гӏой, оцу полконакна хьекхийша и маьхьарий. Шу хӏун адамаш ду? Эхь-бехк а, гӏиллакх а бохург хӏун йу а хаьий шуна? Къамел дан витийша и стаг!
– Ладогӏа, нах, ладогӏа, – хьала а таьӏна, лохха вистхилира хевшина ӏачарех цхьа воккха стаг. – Шайна хетарг тӏаьхьа эр аш. Дийца ахь, Саьӏад.
Баккхийчу наха резабоцуш ладоьгӏура йуьртден кӏоршамечу къамеле.
– Сан-м дац дийца кхин хӏумма а. Дийцарх, ладугӏуш стаг а вац кхузахь. Со мукъа а ваккхий, кхузахь кхин йуьртда хӏоттаве, эр ду ас полконаке. Сан метта хӏитто нах шортта бу йуьртахь. Хьомсуркъа, Янаркъа, Доша, Бӏаьштиг, Мудар а мегар ву хӏокху йуьртана. Цара дийр ду хӏокху йуьртан дола.
Саьӏада дегабаам бича, мелла а гӏиллакх лаьцна дӏатуьйчу меттана, мелхо а, карзахбевлира нах.
– Уьш хьайл оьшуш-м ца хета хьуна?
– Оха тхаьш хӏоттор ву тхаьшна луъург.
– Кхин цкъа а налогаш йийца тхо гуламе ма кхайкхалахь!
– Кӏордийна, хьехъевлла тхуна и налогаш а, хьо а!