Хӏара сурт сан де́н ду,
Хӏара ду сан не́нан.
Хӏокху тӏехь со це́ран
Лекъаш дина бе́р ду.
Хӏокху тӏехь со, не́нан
Куьйгаш дӏа а хецна,
Когаваха Ӏе́маш,
Вогӏавелла лаьтта.
Хӏокху тӏехь со суьлхьа
Доккхуш ӏачу де́га
Хоьттуш ву, сайн муьлха
Ла́маз ду дан дезарг.
Хӏокху тӏехь со, ирсе
Хила Ӏе́маш царех,
Хьоьжуш ву хийистехь
Йоӏ дуьхьала йаре.
Пхьоьханарчу на́ха
Шайн цатемаш балхош,
Дӏо́ чубузу малх а
Кешнийн керта лахло…
Хӏара чурт сан де́н ду,
Хӏара ду сан не́нан.
Сан марзонаш хеда
Дуьне, хьо ма къе́н ду.