Кисанахь ловзучу шайнаша
Кхетамна ваьккхича ге́на хьо,
ӏехалуш самахчу гӏе́нашна,
Хьовзор бу ахь керла хе́наго.
«Нийсачу» на́херчу бустамехь
Духар а да́лийна лартӏе, ахь
Хьайн бе́рийн хе́нара нускалан
Цхьа тайпа доккхур ду цӏартӏе а.
Кхаъ белла, балха дӏахӏоьттина,
Болар а, къамел а тодина,
Лелар ву, кепа чу воьттина,
Хьа́налчу дегнашна мо бина.
Дозанал а́ра а баьккхина,
Цӏеношна пеннал бух буттур бу,
Хьийзош хьайн куьйга кӏел баьхкинарш,
Хьаькамна муьтӏахь чухӏуттур ву.
Цунна тӏе ла́мазаш дерзадеш, –
Цул деза ца гойтуш хӏумма а, –
Цу ӏамалх да́харан терза деш,
Дуьтур ду дуьненан суннаташ.
Цу «декъалхиларо» хьаьсттинчохь
Да́харо хьо йуьстахкхоьссича,
Йуха а денлур ву – хӏумма а
Йо́цучу хӏуманийн умматехь.