Иштта а, вуьштта а дилла-м гӏерта со, хетарехь, алх а, улх а. Цул сов, кӏез-мезга долчу цхьана мехалчу хӏумнаш тӏехь галвала а ма тарло. Суна дукха чӏогӏа бехкаш ма дахкалаш, дукхадахарш. Ас хӏун дийр ду, сан жимчу доттагӏчо со цкъа а цхьана а хӏуманна тӏаьхьа ца кхиавора-кх. Цунна со а ша санна ву моьттуш хилла хир дара-кх. Амма, сан дакъазаллина, суна Дала делла дац, яьшкех чекхъхьаьжна ӏахар ган бӏаьрса. Со мелла а баккхийчех дӏатарвелла хила там бу. Схьагарехь, къанвелла вогӏу со, къанвелла.
Денна цхьацца керланиг девзара суна цуьнан сайратах, цо иза муха йитира а, цул тӏаьхьа хӏун некъаш гездира а. Цо, шен лааме хьожжий, юкъ-кара жим-жима хьахадора цу хьокъехь. Иштта, тхо девзина кхоалгӏачу дийнахь хиира суна цунна баобабаша* латточу сингаттамах.
Иза а ӏахарна тӏехула хилира. Жимчу элан цӏеххьана цхьа яккхий шеконаш кхоллаеллачух тера дара, цо хаьттира:
– Хьажахьа, ӏахарша коьллаш юу бохург бакъ ма ду, дуй?
– Хӏаъ, бакъ ду.
– Ма дика а ду!
Со ца кхийтира, ӏахарша коьллаш йиъча а, ца йиъча а, хӏун бен ду. Амма Жимчу эло тӏетуьйхира:
– Делахь-хӏета, баобабаш даа а тарло-кх цара?
Ас, баобабаш коьллаш яц, ткъа хазнеха санна андий дитташ ду, бӏаьвнаш санна, лекха баххьаш а долуш, цундела цо ӏахар хьовха, дийнна ковра пийлаш ялаяхь а, цаьрга цхьа баобаб а даалур дацара, элира.
Пийлех дерг хезча, Жима эла велавелира:
– Уьш цигахь тӏекӏел хӏитто дезар дара... – аьлла.
Ткъа тӏаьхьо хьесап доллуш тӏетуьйхира:
– Цкъа юьхьанца, шаьш дикка кхиъна довллалц, баобабаш дукха кегий, эгӏаза ма хуьлу.
И а бакъ ду. Амма хьан ӏахаро стенна дууш ду кегий баобабаш?
Муха – стенна! – со цакхеттарг цхьа пайда боццу хӏума долуш санна, оьгӏазвахара иза.
Иза стенна тӏеван гӏерта ца кхеташ, сан дикка корта хьийзо дийзира.
Эххар а, доллучун а духе кхиъча, сурт иштта хӏуттура.