Жимчу элан сайрат тӏехь кхуьуш йолу бецаш, муьлххачу а кхечу сайрат тӏехь санна, цхьаерш пайдехь а, вуьш – зуламе а ю. Делахь-хӏета, цигахь дикчу, пайдехьчу бецийн дика хӏу а, асаран бецийн зуламе хӏу а ду. Ткъа хӏуш гуш ма ца хуьлий. Уьш кӏоргга лаьтта бухахь тхьевсина ӏохку, царех цхьанна самдала дагадаллалц. Цо зӏийдиг хоьцу, юха иза, озалой, малхе хьалакхевда, юьхьанца – цхьа хьомсара, хела-ховха, зене йоцуш. Иза цӏен хорсам я розийн колл хир йолуш хӏума елахь, дӏакхиийта шена ма-ттов. Амма иза цхьа зуламе буц елахь, хьайна йовза ма-евззинехь, оззийна орамца бухъяккха еза. Хӏинца Жимчу элан сайрат тӏехь а ду и ирча, вуно зене хӏу... баобабан хӏу ду иза. Оцу сайратан дерриг лаьттана бала хилла цу хӏух. Жима йоллушехь хьуна и баобаб йовза ца йовзахь, тӏаьхьа цунах вада а, вала а меттиг хир яц. Хьан сайрат цо йоккхур ю. Цо шен орамаш чекхдохур ду цунах. Ткъа нагахь сайрат жима а йолуш, баобабаш дукха хилахь, цара сайратах кескаш йийр ю.
– Йохо йиш йоцуш ю цхьа раж, – элира соьга тӏаьхьо Жимчу эло. – ӏуьйрана хьалагӏаьттиний хьо, юьхь-куьг дилина а, битаме веъна а ваьллий хьо, – сихонца дӏахӏоттий битаме ялае хьайн сайрат а. Денна а асардан деза, уьш зезагийн коьллех схьакъаьсттарг хиллачул тӏаьхьа, баобабаш дӏайохуш: къона зӏийдигаш-м церан вовшех къасталуш а ца хуьлу. Иза кӏордош болх бу, амма хӏумма а хала бац.
Хӏуъа дай а, ша дийцинарг сурта тӏехь гайта хьажа, цуьнах шаьш долчура бераш кхеттарг аьлла, тӏе а диллира цо суна.
– Мацца а цкъа арадевлла лела дезаш меттиг ягӏахь – элира цо, – царна карор ду хьуна и. Цхьаболу болх-м тӏаьхьататта а мегар ду, башха зен хир дац. Амма баобабаш тӏера хьан бӏаьрг дӏатуьлий, – дӏадаьлла хьуна. Суна цхьа сайрат евзара, малонча вара цу тӏехь вехаш. Шен хеннахь асар а ца дина, дӏаяккхаза кхо колл йиснера цуьнан...