– Хьуна а хаьа-кх, хӏета, хьогалла хӏун ю?
Амма, сан хаттарна нийсса жоп ца луш, цо шеха-а:
– Хи дагна оьшуш а хуьлу хьуна, – элира.
Со цо аьллачух ца кхийтира, амма кхидӏа хӏумма а ца хиттира ас. Цуьнга юх-юха хӏума хеттар эрна дуйла, хаьара суна.
Иза чӏогӏа гӏелвеллера. Гӏамар тӏе охьахиира иза. Со а хиира вахна цунна улло охьа. Тхойша вист а ца хуьлуш ӏара. Юха цо элира:
– Седарчий оццул хаза, цигахь цхьанхьа цхьа зезаг долу дела, ду хьуна, кхузара дӏахьаьжча, иза гуш дацахь а...
Дера ду, – элира ас, батто серлаяьхначу гӏамарийн тулгӏенашка бӏаьрг а кхарстош.
– Гӏамарийн аре а ю хаза... – тӏетуьйхира Жимчу эло.
Иза бакъ ду. Сан гуттар а самукъдолура кху пана арахь. Хьо гӏамаран оьли тӏехь хиъна ӏа. Схьагуш хӏумма а ца хуьлу. Я хезаш а ца хуьлу хӏумма а. Хӏетте а тийналла зӏаьнарех сегаш санна хетало...
– Пана аре иштта тайна хӏунда ю, хаьий хьуна? – элира цо. – Дӏо, цхьанхьа кӏоргга бухахь, цуьнца хьулделла шовданаш долу дела, ю хьуна... Со инзарваьккхира цуьнан оцу дешнаша, со цӏеххьана кхийтира, гӏамарийн и зӏаьнарех лепар мичара ду. Со бер долчу хенахь цхьана жимчу цӏа чохь ӏаш дара тхо – цу чохь хьулйина хазна ю бохуш, дуьйцура. И цхьана а дена карийна цахилар-м, кхеташ ма деца, я, дӏахьаьжча, цкъа а и каро гӏоьртина стаг а хир вацара. Амма и хабар бахьна долуш, и цӏа ша цхьа тамашийна, шех цхьа жинийн хӏо хьакхаелча санна дара, шен деган кӏоргенехь цо хьулйина латтош и къайле хиларна...
– Хӏаъ, – элира ас. – Цӏа делахь а, седа белахь а, пана аре елахь а, цаьрца уггар а исбаьхьа дерг хьан бӏаьргашна ган йиш йоцург ду.
– Со ӏаламат вокхаве сан доттагӏчо Цхьогало аьлларг ахь тӏетадарна, – сан хабарна чӏогӏа реза хилира Жима эла.