Уггар коьртаниг – иза бӏаьргашна ган йиш йоцург ду...
Цуьнан ахгӏаьртина* балдаш велааьшнадина, тохаделира, тӏаккха ас юха а сайн дагахь элира: хӏокху набарна тхьевсинчу Жимчу элехь уггар а хьан дагах кхеташдерг – шен зезагна иза сел муьтӏахь хилар ду, набкхеттачу хенахь а тӏехь, къуьданца серло санна, цуьнца нур хилла деха цуьнан оцу розанан васт... Со, кхеравелла дог а тохалуш, кхин цхьана хӏумнах а кхийтира: иза суна хетачул а дуккхазза а тӏех экам хиларх, дукхе а дукха лерина ларо везаш. Къуьданаш лардан деза: цӏеххьана хьаькхначу мохо дӏадайа тарло уьш...
Иштта дӏаихира со... ткъа сатоссуш гӏуна тӏекхечира.
– Адмаш чехкачу цӏерпошташ тӏе хьала-дуьйлу, амма шайна а ца хаьа, шаьш хӏун лоьху, – элира Жимчу эло. – Цундела цхьанхьа а синтем ца карош, цкъа цхьана агӏор дӏахьаьлха, тӏаккха вукху агӏор...
Тӏаккха тӏетуьйхира...
– И эрна а ма ду...
Тхо тӏекхаьчна гӏу Сахарехь хуьлчу кхечу цхьана а гӏунах тера яцара. Кхузахь хӏинццалц хьо тӏеӏотталуш хилла гӏу гӏамаршлахь даьккхина деккъа цхьа ор хуьлура. Ткъа иза, юьртахь хуьлчех, ша хила ма еззара гӏу яра. Амма кху гондӏа цхьанхьа а схьагуш юрт яцара, тӏаккха, ванах, хӏара гӏенах-м дац техьа аьлла, хийтира суна.
– Хӏара ма тамашийна болх бу-у, – элира ас Жимчу эле, – массо а хӏума а кийчча ду кхузахь-м: хи хьовзо чкъург а, тӏетесна муш а, чийлак а...
Цо, вела а велла, схьалаьцна муш схьаозийра. Гӏунан чкъург шен семан тӏехь, мох хьакхабалаза хийла хан яларна, мекхайоьлла, мох лоьцу пиллаг санна, цӏевзира.
– Хезий хьуна? – элира Жимчу эло. – Вай самъяьккхина, йиш лекха йолаели хьуна гӏу...
Цу балхо иза виснарг а хӏотторна, кхоьрура со.
– Ас айса хьаладоккху хи, – элира ас, – хьоьга балур болуш болх бац хӏара.
Ас, меллаша хьала а даьккхина, гӏун тӏулган гонан йиста тӏе дикка дӏанисдеш, чийлак охьахӏоттийра. Сан лерехь тӏаккха а лаьтташ яра цӏийзачу семан и ша-тайпа йиш, чийлак чуьра хи а дара дегочуьра сацаза, цу чохь ловзуш маьлхан зӏаьнарш гора.
– Цу хих къурд бан хьаьгна ву-кх со, – элира Жимчу эло. – Хи малийтахьа соьга...