Иштта, дагардийца уллора стаг воцуш, со сайн сица цхьа вехаш вара. Юха, цхьа ялх шо хьалха ду-кх, ца хаийча а ца ваьлла Сахарехь кема охьахаийра ас. Сан кеманан мотора чохь цхьаъ галдаьллера. Соьца я механик а, я пассажирех стаг а вацара, тӏаккха, мел хала делахь а, галъяьлларг со-со тоян хьажа везаш хьал дара хӏоьттинарг. Я мотор тоян езара ас, доцца аьлча, я хӏаллакьхила везара. Соьгахь долу хи а дара цхьана кӏирнах тоа а, ца тоа а мегаш.
Хьалхарчу буса, цхьа эзар чаккхарма гергахь цхьа а кӏур* боцчу пана арахь, еккъа гӏамарш тӏехь набкхийтира суна. Хинкема а доьхна, бурам тӏехь ӏапказ-хӏорда* юккъехь тилвелла стаг а висна хир вацара цу буса со санна цхьалха. Тӏаккха, сатоссуш цхьана дуткъачу озо самваьккхича, со мел инзарваьлла хила веза, –дӏаойлаер-кха аш шаьш. Цо хӏун эли-и? Хӏаъ...
– Хьайн деллахь... ӏахар биллахьа суна! – боху-кх.
– Хӏа?
– ӏахар биллахьа суна.
Сайна тӏехула стелахаьштиг кхетча санна, со хьалаэккха. Бӏаьргаш хьакхабо. Гонах дӏасахьожу. Тӏаккха суна хӏун го – кху дуьненара а дуй техьа аьлла тамашийна, цхьа нисделла бер лаьтта суна хьалха, леррина со тергалвеш. Тӏаьхьо сан цуьнан дилла ницкъ кхаьчна уггар тоьлла портрет хӏара ду.
Иза мел нисделла бер дара аьлча, сан сурта тӏехь шуна гуш дерг дукха гӏаддайна хьал ду. И сан бехк а ма бац, цу тӏе. Сайн ялх шо долчу хенахь художник хила айса кхаьбначу ойланах оцу баккхийчара догдаьккхина, тӏехуларий, чухуларий и вотангарш яхкар доцург, со кхечу хӏуманан сурт дилла а ца ӏемаш ма виснера.
Хӏаъ, дуьйцуш вай со-м, со бӏаьргаш а къарзийна оцу сайна хьалха хӏоьттинчу ӏаламате хьоьжуш лаьттара. Диц ма делаш, со адам дехачу меттигна эзарнаш чаккхармаш нацкъарчу пана арахь висина вара. Цу белхан ойла йича, и бер, я тилделла лела а, я когаш тӏехь ца латтадаллал гӏелделла, я кхераделла ду а, я мацаллий, хьогаллий далла доллу а олийла а ма дац. Юха а боху ас, цуьнан леларх и бер гергахь цхьа а хӏусам-бахьна йоцчу, адаман ӏа йолазчу пана арахь дисначух жимма а тера дацара. Со цецваьккхинарг и дара. Мотт сецна лаьттачуьра эххар а жимма меттавеъча, ас цуьнга хаьттира:
– Ва... хьо хӏун деш ву кхузахь?