Ткъа цо гӏийлачу озехь, цхьа а забар йоцуш, юха а дийхира:
– Хьайн деллахь... ӏахар билла...
И схьахӏоьттина сурт цхьа йоккха къайле йолуш, цхьа ойла тӏаьхьакхиа хала хиларна, цо бохург ца деш ӏен со ца ваьхьира. Валарний, висарний юккъехь цхьа чо меха доза доцчу хӏокху пана арахь и мел лартӏахь дац аьлла хеталур делахь а, ас кехатан цуьрг а, гуттар язъеш йолу перо а хьалаяьккхира. Амма оццу маьӏӏаргонехь суна дагдеара айса дукхахдолчунна ӏамийнарг географий, историй, арифметикий, нийсаяздаран бакъенашший бен цахилар, – оцу бере дӏа а элира иштта (цу тӏе, жимма оьгӏазвоьду кеп хӏоттош а элира), сайна сурташ дахка ца хаьа аьлла. Ткъа цо:
– Ца хаахь а, билла суна ӏахар.
Сайн дахарехь цкъа а кой дехкина воцчу, ас айса дуьллуш долчу шиннах (кхин суна йилла хууш хӏумма а ма яцарий) цхьа сурт диллира цунна: вотангар – тӏехулара. Со цец-акъ а велира:
– Хӏан-хӏа, хӏан-хӏа! Вотангаро кхаьллина пийл ца оьшу суна! Вотангар дукха луьра ю, пийл дукха йоккха ю. Сан цӏахь массо а хӏума дукха жима ду. Суна ӏахар беза, ӏахар билла, – аьлла, цуьнга мохь белира.
Ас иза биллира.
Цо, леррина сан сурте а хьаьжна:
– Хӏан-хӏа, – элира, – хӏара ӏахар дукха гӏийла бу. Кхиниг билла суна.
Ас кхиниг биллира.
Сан керла хьаша, со дукха юьхьӏаьржа ца хӏоттийта делахь а, къинхетаме, кӏеда велакъежира.
– Хьуна хьайна а ма го, – элира цо, – хӏара ӏахар бац. Хӏара боккха ка бу. Хьажал цуьнан маӏашка…
Ас юха а ӏахар кхечу агӏор биллира. Амма хӏоккху суртана а иза реза ца хилира.
– Хӏара дукха къена бу. Ткъа суна дуккха а беха болу ӏахар беза.
Эццахь сан собар кхачийра – со сихха мотор вовшахъяккха езаш ма вара – тӏаккха хӏара сизаш хьаькхира ас:
– Хӏа, хӏара яьшка ю хьуна, – элира ас оцу бере. – Цу чохь бу хьуна и хьан ӏахар.
Со мел чӏогӏа цецвелира, ала аш, хӏумнах тоам хуьлуш воцу и сан экам суьдхо верриг велавелла, векхавелла дӏахӏоьттича:
– Хӏаъ, хӏаъ, ишттаниг безара-кх суна! – элира цо цхьа воккхаверца. – Хьажахьа, буц дукха-м ца юу цо?
– Хӏунда бохура ахь?
– Сан цӏахь массо а хӏума вуно кӏезга ма ду...
– Цунна тоьур ду хьуна. Ас хьуна лушберг готтар* жима ӏахар ма бу.