– Вай, дуьйцу ма хаза хьо! – голаш тӏе ши куьг туьйхира Айзас. – Цхьаъ вахийтар-м декхар дара сан, шолгӏачо а хӏун дуьйцу? Кхин вист ма хилалахь!
– ӏийр ву хьуна со, ваша дӏа а хьажийна, йоӏ санна, цӏа а хиъна!.. – гӏам-гӏим деш, кенийн гӏайба самсабаккха хӏоьттира ӏусман. – Иза салташа йукъахьовзийча, гӏо хьан дийр ду, чов хилла, вожахь, гонах мила хьаьвзар ву?..
– Тоийталахь! – куьг ластийра ӏумара. – Ненан доьхначу дага тӏе туьха ма тийса.
– Делахь, хьо цӏахь Іай, со вахийта, – карзахвуьйлура ӏусман.
– Ваха веза де тӏекхаьчча, хьо а гӏур ву, тахана цкъа соьгахь йу рагӏ.
– Дадас шен ваша а ца вахийтинера ша воцуш Хонкара.
– Хӏейт, гора, борз, йаӏ! – гӏаддайна велавелира Іумар. – И шиъ санна, къонах хета хьуна вайша? Дадий, ваший цига воьдуш, вайша вара цӏахь вуьсуш. Вайшиъ вахча, цӏахь вуьсуш кхин боьрша стаг ма вац.
– Мохьмад тоьур ву…
– Цул а хиндоцург ма хьехадехьа, кӏант.
Шина кӏентан девне ла а доьгӏуш, къаьхьа ойланаш йора Айзас. Мел хала делахь а, цуьнан бакъо йацара воккхахволу кӏант цӏахь сацо. Хаьара, ша мел дуьхьало йарх, кӏант ша а ӏийр воцийла. Цунах къамел селхханехь ма-хиллера цаьршиннан. Дас масех шарахь вовшахдиттина гӏуллакх ма дара халкъо долийнарг. Тахана цӏахь велахьара, иза ӏаьлбаг-Хьаьжина уллохь хир ма вара. Хӏинца ӏелин кӏенташна тӏехь масех декхар ма ду: ден метта дӏахӏиттар, маршонан гӏуллакхан дакъалацар, ткъа шо хан тоьхна, да Сибрех вахийтинчех бекхам эцар.
Хӏара Нохчмахк цӏарна улло хӏоттийначу тоьпан молханах дуьзначу шелигах тера хета дукха хан йара Хортӏина. Оцу суйнах хӏара агӏо шен ницкъ ма-кхоччу ларйан гӏерташ, бӏаьрг сема гӏаролехь а лаьттира иза. Мелла а ша шекволчу нехан цӏераш цо Веданарчу округан начальнике дӏало масех шо дара. Цига дӏакхетабора оцу наха мел боккху ког а, церан багах даьлла жимма а ӏедалх хьакхало дош а.
Гати-Юьртара ӏелий, Маккхаллий лацарехь а дара цуьнан дакъа. Ма-дарра аьлча, Хортӏа вара дӏадаханчу шарахь кечбинчу гӏаттаман уьйриган и йуьхьиг ӏедалан кара дӏайелларг. И йуьхьиг ларамаза йеара Хортӏин кара.
…Буьйсанна говраш йажо вахана Асхьад, уьш шайн ирзо тӏе а лаьхкина, ӏаьрчхин лохачу берда йистехь баьржина лаьттачу бурсанечу ножа кӏел