сийначу бай тӏе дӏатевжира, вертанах а хьаьрчина. Цигахула чу а буссий, дехьа басахула хьалаболура Іаьларой-Эвлара схьабогӏу ворданан некъ. Оцу некъахулий бен дӏасайовла кхин ков а дацара говрашна.
Сатосучу хенахь шелйелира буьйса. Шеллуш, горгвелла, вертанах хьерчаш, ах-сема наб йеш ӏуьллучу Асхьадна, цхьа гӏенах санна, хезира шина стеган къамел. Ши бӏаьрг ца боьллуш, доьӏу са а сацийна, ладуьйгӏира цо. Наггахь луьйтанаш а декош, йежачу говраша бацах це йетта а хезара. Лохха къамел дечу стеган аз шена девзаш санна хетаделла, меллаша айъавелла, берда кӏел хьаьжира Асхьад. Иза гӏалат ца ваьллера. Шаьшиннан говраш йажа а лаьхкина, шовданахь ӏуьйран ламазаш оьцуш воллура Маккхаллий, ӏелий.
– Ас аьлларг дича, Ведана дӏалоцур йара уггар хьалха, – элира когах хи кхорзуш воллучу ӏелас.
– Хӏан-хӏа, Шоӏип бакъ ву. Ведана а йитина, хьалхара тохар цхьанаметта Хаси-Юьртаний, Гезла-гӏопаний, Шеланий, Чахкарний дан деза.
Цхьана масех минотана къамел сецира цаьршиннан.
– Шайн дош кхочушдахьара суьйлаша, – вистилира ӏела. – Гӏуллакх кхузахь а, цигахь а цхьатерра ца долийча, кхиам хир бац.
– Хаац. Дуйнаш-м бии цара. Оцу Хонкарца цара боьзначу машина реза вац со.
– Иза ду-кхий со вогург а. Цул сов, сан дог ца летира церан оцу Арслан-беках а, Муртаз-ӏелех а. Къаьсттина – оцу шолгӏачух. Ши бӏаьрг бара цуьнан, хи санна, лелаш.
– Хаац, Шоӏип теша-кх царах…
Ӏуьйранна малх схьакхеташ, говраш лаьхкина, цӏа кхаьчначу Асхьада дега дийцира сатосучу хенахь ӏаьрчхин йистехь шена хезнарг. Ши куьг букъа тӏехьа а лаьцна, безза ког боккхуш, йукъ-кара корта а теӏош, леррина ладоьгӏуш, кӏанте шозза-кхузза дийцийтира иза Хортӏас. Воккхахволчу кӏантаца и къамел хуьлуш, чунисвелла Овхьад ца везавелира цунна. Хӏун дара а хаац, воккхахчул хьекъалей, гӏиллакхей, эсалий воллушехь, Овхьад ца везара дена. Ца везара аьлча а, деган кӏоргехь цунах ца тешара-кх.
– Варийлаш, ши кӏант, – элира дас, жимахчу кӏанте хьожуш, пІелг а ластийна, – хӏара къайле нахала ма йаккхалаш. Мегар дац шуна.
Оцу дийннахьехь, шен уггар дикачу говра а хиъна, Ведана вахара Хортӏа. Цо Аваловга дӏайийцира шена гучуйаьлла къайле. Ведана кхаччалц оцу