ца кхетара уьш. Амма, кхидӏа ойла ца йеш, массара а куьйгаш хьалалецира. Хьаькамашна тайчхьана, царна хӏун ду?
– Амин!
– Аллахӏу амин!
– Йа Аллахӏ, хӏай ницкъ болу Дела, тхан сийлахьчу паччахьо Эликсандра цаваьллачу денна тхан массеран луьрачу мостагӏчуьнца турко-паччахьца болийначу бакъ тӏамехь иза йуьхькӏайн велахь, иза толаме кхачо хьайн пайхамарийн, маликийн, эвлайаийн орца лолахь цунна…
– Амин!
– Аллахӏу амин!
– ГІо делахь цунна, Дела!
– Хьайн маликаш орцахдахалахь…
– …Тхуна ирс деллачу, тхо декъалдинчу паччахьна, цуьнан ӏедална, цуьнан хьаькамашна инкарло йинарг, матта, куьйган ишарца а, дагахь а цунна зулам динарг, дан дагадеанарг, иза бусалба велахь а, керста велахь а, Хьайн къинхетамах хадавелахь, веза-воккха Дела!..
Майданахь лаьттачу молланаший, хьаьжоший, ша-ша чӏогӏа ала гӏерташ, «амин» элира.
Шен доӏа чекх а даьккхина, цхьа гӏулч йуха а ваьлла, хьалхалеррачу дӏа а хӏоьттина, лаьтта ши бӏаьрг боьгӏна, дӏатийра къеда.
Мажойх дайн куьйгаш хьаькхна, бӏаьргаш чардакх тӏе а боьгІна, кхидӏа хиндолчуьнга ладогӏа севцира бухара нах а. Къорзачу тобанна тӏехула буьрса бӏаьрг а тоьхна, массо дош таӏӏош олуш, доцца къамел дира областан начальнико.
– Суна хетарехь, шуна хаьа ас шаьш схьа хӏунда кхайкхина. Цхьа кӏира хьалха, шуна ма-хаъара, туркошца тӏом болийна Россис. Иза болоран бахьана дуьйцу ас доцца. Цуьнан Императоран Воккхалло шайн багара схьадаьхна кхузара халкъаш йуха а дӏакхалла гӏерта туркой. Амма оцу жӏаьлешна моьттург бакъ дац! Оха цхьа ге а латта дӏалур дац царна. Кавказан халкъаша а, оьрсийн тӏемалоша а шайн цӏийца лардина хӏара. Даймехкан массо кӏант доьналлех вуьзна ву, хӏара мохк ларбарал сов, неӏалт хиллачу туркойн ӏазапна кӏел узарш деш ӏен кхин къаьмнаш а маьршадаха. И лаам болуш, селхана цига тӏаме бахана шун майра кӏентий а. Амма, даймахкана хала киртиг тӏехӏоьттича, цунна йамарт жӏаьлеш а гучудевлла. Цара бунт йина Нохчмахкахь. Паччахьна, даймахкана муьтӏахь верг а, тешаме воцург а къаьста де тӏехІоьттина тахана. Суна луур ду шун дагара хаа…
Эла Эристовн талмажо ЧІуьлган Оьлабис гочдира инарлин къамел. Тобанна йуккъехь гӏовгӏанаш йевлира, областан