хьаькам къобалвеш. ТІаккха паччахье шаьш йаздина адресаш дӏадала долийра йартийн векалша. Хьалха лаьттачу могӏанна йукъара схьаваьлла, чардакхна тӏевеанчу векъана-вехачу хьаьжочо Свистуновга хьалакховдийра ӏашхой-Мартанна гондӏарчу йартийн адрес. Воккхачу стагера схьаэцна, кехат Чуликовга дӏакховдийра инарлас.
Доьалха тоьхна кехат даржа а дина, мохь тоьххана деша волавелира Оьлаби:
«Сийлахь Государь! Ткъа шо хьалха хьан ӏедал тӏеэцна 5-чу округан ӏашхой, Котар-Юрт, Валаргтӏе, ӏалхан-Юрт, Гӏулара, Хьаьдаз-Юрт, ШаІмин-Юрт, Мержой-Берам йарташкара бахархой хьан комаьршаллой, къинхетамой ирсе бина беха. Тхох цхьадерш хьан пурбанца Турце кхелхинехь а, амма дукхахдерш хьан, шайн Сийлахьчу, Къинхетамечу Государан, ӏедална тӏе йухабаьхкина. Ткъа Ахь, Хьо цавитарна, цаваьллачу денна Турцина дуьхьал бакъонан тӏом болийча, хьаькамийн лаам кхочушбан лиъна, Хьан майрачу эскарийн могӏаршкахь туркошца тӏом бан тхо цхьадолчара тхешан дай, вежарий, кӏентий – 130 дошло вахийтина».
Ша доьшуш лаьтташехь, кехата тӏера хьала а таьӏий, сих-сиха инарле дӏахьожура Оьлаби.
«…Дукха хан йоццуш тхуна хезна, Іовдалчу наха иркарахӏиттийна цхьаболу ламанхой, Турцина гӏо дан дагахь, кхузахь мелла а сонта кхийссарш йан боьлла бохуш. Цундела, тхешан муьтӏахьаллин дегнаш Хьан когашка охьа а дохкуш, оха дехар до Хьоьга оцу йамартчу ламанхойх тхаьш цадеттар, нагахь оьшуш меттиг нислахь, и сонта зуламхой совцо тхаьш кийча хилар дӏа а хоуьйту Хьоьга. Тхешан дегнаш, ойланаш цӏена хилар, сийлахьчу, ницкъболчу Делах дуй бууш, чӏагӀдо оха, и тхешан муьтӏахьаллин цӏена дегнаш, ойланаш Хьуна, Сийлахьчу Государана, хьалха охьайахкар доьху тхайна дукхавезачу, даггара тхаьш лоручу областан начальнике, инарле.
ХІокху муьтӏахьаллин адрес кӏел куьйгаш йаздина, тхешан йарташа тешам белла, схьахьовсийнчу оха, йуьртдайша а, массара лоруш болчу баккхийчу наха а».
Дешна а ваьлла, Оьлабис адрес инарле дӏаделча, оццу чулацамца шайн адресаш дохьуш, тӏаьхьий-хьалхий чардакхна хьалха хӏиттира мартанхойн, шелахойн, несархойн векалш. Цаьргара схьаэцна адресаш, нисдеш, тӏекӏел а дехкина, туп хьала а лаьцна, нахе дӏагайтира начальнико.