– Дика ду, нах. Цуьнан Императорски Воккхаллин цӏарах шаьш йаздина адресаш аш схьадели соьга. Амма царна тӏехь шаьш йаздинчун ойла йиний ткъа аш?
Баккхий нах цецбевлла хьуьйсура. Ойла йан а, ца кхета а хӏун ду кхузахь? Цара дуьххьара ма ца йаздина паччахье кехаташ. И тайпа кехаташ паччахье йаздича, хӏинццалц-м хьаькамаша царна баркалла ма олура. Церан массеран а куьйгаш лоьцура. Царалахь цӏе йоккхуш болчарна совгӏаташ дора. Ткъа хӏокху керлачу хьаькамна шайгара кхин хӏун оьшу-м хаац царна.
Цуьнга муха-хӏун ала деза ца хуучу хьаьжойн, молланийн хьажар дехарца хьалхарчу могӏарехь лаьттачу шелахойн Боьршигна тӏехь сецира.
– Боьршиг, жоп лол вайн воккхачу хьаькамна!
– Соьга ма алийта, – корта ластийра Боьршига, – кхузахь эпсарш бу. Мустафин Девлат-Мирза а, Сарӏелии Бача а, Саьмпин Сайпулла а. Цаьрга алийта.
– Ахь дикахо эр ду!
– Алал ахь, Боьршиг!
Тоъал хьал долуш, ӏедало лоруш, наха цӏе йоккхуш волу шелахойн йуьртда, моттаргӏина йоцца дуьхьало йиначул тӏаьхьа, тобанна хьалхавелира. Дегӏана зоьртала, куьцехь Боьршиг, дуькъачу мекхашний, йоцца тойинчу ӏаьржачу можаний дайн куьг а хьаькхна, накха саттош, гӏаз санна, дӏахӏоьттира.
– Хьан локхалла, тхан хьомсара инарла! – хьастаме вистхилира иза. – Вайн сийлахьчу паччахье кехат оха дуьххьара йаздина дац. Тхо а, тхол хьалха тхан дай а муьтӏахь хилла Дала тӏехӏоттийначу паччахьний, цуьнан нийсачу ӏедалний. Тхо векалш дина схьахьовсийна йарташ хьуний, паччахьний тешаме хир йу. Цуьнан шеко йац йанне а!..
КІоршаме вела а къежаш, роггӏана мекхийн цхьацца йуьхьиг хьийзош, лаьтта Свистунов, Боьршиг къамел дина ваьлча, бӏаьргех дохкучу куьзганаш тӏехула цунна тӏевогӏавелира.
– Дика ду, дика, – инарлас тобанна тӏехула буьрса бӏаьрг кхарстийра. – Кхетац шу. Кхетачарех тера а дац. Нагахь хьалха тӏом болчу хенахь, хӏара тайпа кехаташ йаздича… – инарлас, хьала а лаьцна, ластийра шега делла адресаш, – аш хӏара тайпа адресаш шега йаздича, Государо Императоро, пенсеш дохкуш, чинаш, мидалш луш, шу хьоьстуш хилла зама дӏайаьлла. ДІайаьлла! Шайн зударшна уллохь шу тийна ӏадӏийчахьана дуьту хан дӏайаьлла.