Хӏинца аш, тебба ца ӏаш, гӏо дан деза зама тӏекхаьчна. Ас кхетор ду шу аш биначу тӏелацамах. Ас, паччахьо шуна тӏе хӏоттийнчу хьаькамо. Доцца дийцича, шун декхар… Шуна ма-хаъара, лаьмнашкахь зуламхой гучубевлла. Ткъа кху шун махкахула долчу некъашца эпсарш, хьаькамаш дӏасалела. Телеграфца дӏасалелаш приказаш хуьлу. Цхьана минотана тӏаьхьадиса йиш йоцуш. Цундела ас шуна тӏедуьллу кхузара боккха некъ а, Владикавказний, Грозныйний йуккъера зӏе а ларйар. И некъ а, и зӏе а, Соьлжан аьрру агӏонца, шун йарташна дуьхьалхула дӏа йу. И декхар аш доггах кхочушдийриг хиларх теша лаьа суна…
Къаьрззина инарле хьуьйсучу нахах цо дуьйцучух кхеташ наггахь бен стаг вацара, амма шайна оьшург цо ца дуьйцийла массарна а хаьара.
– Нагахь санна, – пӏелг ластийра инарлас, – нагахь санна оцу новкъахула дӏасайолу почта, ворда, стаг талийна, телеграфан сара хадийна йа бӏогӏам бохийна меттиг хуьлу-кх, тӏаккха шайн гӏайгӏабер аш. Сайн эскаршца ван а веана, и зулам хиллачу меттигна гонах йолу йарташ, йагийна, йохийна, лаьттаца айса дӏашарйийр йуйла хоуьйту шуьга. Ткъа шун кхаш тӏера йалташ, мангалца хьекхна, говрашца хьешна, хӏаллакдийр ду.
Чуликовс сихха гочдира инарлин буьрса къамел.
– Тхан бехк ца хилча а, дийр ду цо тхуна и таІзар? – хаьттира мартанхочо.
– Хӏун боху цо? – хаьттира Свистуновс. – Шун бехк бу-бац, хоьттур дац ас. Шайн махка тӏехула болу некъ а, зӏе а аш ца ларйича, шун ца хуьлу бехк? Цул сов, шаьш тӏе ма-лаццара, гӏевттинчу зуламхошна таІзар дан шайн нахах отрядаш кечйе сихонца. Цо къастор йу шун муьтӏахьаллин чӏогӏалла. Кхийтин шу? Дика ду, кхеттехь. Хӏета, сихонца, шайн йарташка дӏа а дерзий, декхарш кхочушдан дуьйлало.
Свистунов, хьаьвзина, царна букъ а тоьхна, чардакх тӏера чувоьссира.
Оцу дийнахь шайн йарташка дӏаса ца бахара нохчийн, гӏалгӏайн йартийн лакхенийн берриг векалш. ХІоьттина хьал мел кхераме делахь а, областан начальнико тӏедехкина декхарш мел жоьпалле делахь а, гӏала баьхккинччуьра шайн гӏуллакхаш нисдан а лаьара.
Йарташкара баккхалчаш кхузарчу совдегарийн конторашкий, складашкий хьийзара. Цхьаберш, шайн доьзалний, бахамний оьшурш оьцуш, туьканашкахула, базархула