Оьзда а, майра а къам ду, амма корта бац.
ХІокхеран эшамийн коьртачу бахьанех цхьаннан гайтаман сурт дара масех де хьалха Шелахь хІоьттинарг.
Хийрачу олаллина дуьхьал къийсамна гІеттинчу муьлххачу а къомо, шен дог дой, билгалйоккху цхьа шахьар. Цигахь цхьаьнахоттало къоман маршонехьа къийсаман дерриг пхенаш. Цига гулло оцу къоман хьекъалан, хьолан, культурин заза.
И Шела шайн къоман дог лорура нохчаша.
Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Схьахетарехь, хІокху къоман къармазале амалш хууш, меттигерчу Іедало хьалххе дуьйна тиддера оцу дагна тІедоьлху пхенаш. Йа, вуьшта аьлча, Шелах Іедална муьтІахьчу адамийн бен кхоьллинера.
Муьлш бара гІовттамхошна Шела дуьхьалйаьккхнарш? Нохчийн эпсарш, совдегарш, мехкадай, динан дай.
Адамаллин исторехь закон хилла схьадогІу, муьлхха а халкъ хийрачу олаллина дуьхьал гІеттича, оцу боламан коьрте къоман хьекъале адамаш хІуьттуш: Іилманчаш а, эпсарш а. Іилманчаш хІокхеран бац, ткъа ЧермоевгІар, МустафиновгІар, ЧуликовгІар, СаралиевгІар, кхин а, кхин а уггар хьекъале, кхетаме бу боху нах шайн халкъана дуьхьалбевлла.
Шайн халкъера Іазап, цунна тІехь латто харцо а ца гуш, бІаьрзе бу-те уьш? Йа халкъан лехамаш нийса ца хета-те царна?
ХІан-хІа, иза а, важа а дика хаьа оцу господашна. Амма халкъан кхолламал йеза а, гергара а йу царна шайн цІокарчий.
Кхин а йаккхий, чӏогӏа а йу меттигерчу къаьмнашний, тӏебаьхкинчарний йуккъе хӏиттийна дуьхьалонаш. И шина а агӏорниш вовшех ца эйта, цхьаьна ца кхетийта, царна йукъахь доттагӏалла, гергарло ца кхолладалийта, ца деш хӏун ду кхузахь!
ГІаттам болабеллачу хьалхарчу деношкахь Грозный-гӏалин килсе нисвелира со. Веза Дела, ма доккха эхь ду-кх оццул тӏех аьшпаш боттар! Хӏара нохчий дика бовза кхиъначу сан а корта хьаьвзира, мозгӏаре ладоьгӏуш. Доцца аьлча, нохчех каннибалаш[12] бира цо. Уьш гӏала кхачахь, цара, жимий, воккхий, зударий, бераш дайъина ца ӏаш, кескаш йохуш, шаьлтанашца доруш, цӏергахь датта ца кхиош, буьйда доллушехь дуур ду, бохура-кх.
Тӏаьххьара а, жимма кӏаддира цо ша дуьйцург. Мотт ца хуу некхехь долу бераш ца дойъуш дита а мега, уьш бусалба дине дерзо, элира.